Online Bible

- Advertisements -


Устаз 2 - Делан Йозанаш


Самукъане хилар зер

1 Аса сайн дагахь элира: «Самукъадаккхарца зуьйр ву ас со, сайна ирсе хилар хӀун ду довзийтархьама!» Амма аса жамӀ дира, иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду аьлла.

2 Гуттар а воьлуш лелар сонталла юйла а, самукъадаларх бала цхьа а пайда боцийла а хиира суна.

3 ТӀаккха, сайн кхетам хьекъалх буьзна а болуш, ас сацам бира, сонтаваллалц чагӀар маларца зен веза аса со аьлла. И сонталла а зен лиира суна, кху стигална бухахь шайн доццачу дахаран деношкахь адамашна хӀун дика хуьлу сайна довзийтархьама.

4 ТӀаккха со даккхий гӀуллакхаш дан волавелира. Аса сайна гӀишлош а йира, кемсаш а дӀаюьйгӀира,

5 бошмаш дӀайогӀа меттигаш а тойира, тӀаккха цигахь тайп-тайпана стоьмаш луш долу дитташ а дӀадуьйгӀира.

6 Иштта ас Ӏаьмнаш дехира, айса моггӀара дӀадийгӀинчу дитташна хи тохархьама.

7 Леш ийцира ас сайна, юкъахь зударий а, божарий а болуш. Цул тӀаьхьа сан цӀахь царах дуьнен чу бевлла кхин леш бара сан. Иштта сол хьалха Ярушалайм-гӀалахь бехаш Ӏаш хиллачу нехан чул а сов бежанаш а, жаш а дара сан.

8 Ас дети а, деши а гулдира сайна, сайн доларчу кхечу мехкийн а, паччахьийн а хазна схьа а яьккхира. Иллеш олу божарий а, зударий а гулбира ас сайн цӀа чохь, боьршачу стеган дагна чӀогӀа там бийраш а бехира сайн дола: дуккха а гӀарбаш-зударий.

9 Ярушалайм-гӀалахь сайл хьалха хиллачу массо адамал а сий долушший, хьал долушший хилира со. Иштта сайн хьекъалалла кхидӀа а соьца дуьсура.

10 Сайн бӀаьргашна хазделларг схьаэцарна дуьхьало ца йора ас. Самукъане мел долу хӀума сан даго тӀеоьцура. Муьлххачу айса дечу гӀуллакхах самукъадолура сан. И хазахетар суна дара, ас мел бечу халчу балхана луш долу совгӀат санна.

11 ТӀаккха со хьаьжира сайн куьйгаша динчу гӀуллакхашка а, айса мел бинчу балхе а. И дерриг а ма кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна. Стигална кӀел цу гӀуллакхех буьсур болуш цхьа а пайда бац.


Хьекъалалла а, сонталла а зер

12 Юха со ойланаш ян волавелира хьекъалаллах а, хьекъалх тиларх а, сонталлах а лаьцна. ХӀунда аьлча паччахьо диначул совдаьккхина хӀун дан тарло цул тӀаьхьа дӀахӀуттун волчу стага?

13 Суна гира хьекъалалла хиларо сонта хиларал сов буьсун болу пайда бар, серло боданал дикаха хиларе терра.

14 Хьекъалечун бӀаьргаш са гуш бу, ткъа сонтаниг боданехь тилавелла леларг санна ву. Ткъа царах массарах хиндерг цхьаъ дуйла а кхийтира со.

15 ТӀаккха сайн дагахь элира ас: «Сонта волчух хилларг сох а хир ду-кх. ТӀаккха хьекъалалла хиларо буьсун болу хӀун пайда ло?» Ас сайн дагахь жоп делира: «Иза а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду».

16 Я хьекъалдолчух лаьцна дерг а, я сонта волчух лаьцна дерг а дехар дац абаденналц, кестта уьш берриш а бицбийр бу. Маржа яӀ, хьекъалениг а дӀакхелха, сонтаниг санна!

17 ТӀаккха суна деза ца делира хӀара дахар, хӀунда аьлча стигална кӀел мел дечу хӀумано гӀайгӀанаш яхьа. И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.


Дечу гӀуллакхо пайда бахьий?

18 Сан дог делира айса стигална кӀел мел динчу халачу гӀуллакхех, хӀунда аьлча цу гӀуллакхех хилларг сол тӀаьхьа вуьсун волчунна кхочур ду-кх.

19 Ас сайн къинхьегамца а, сайн хьекъалца а стигална кӀел мел даьккхинчунна тӀехь кхечу цхьаммо олалла дийр дара, ткъа хьанна хаьа: хьекъале хир ву иза я сонта хир ву? И дерриг а кхетам тӀе ца кхуьу хӀума ду.

20 Иштта со дохковелира айса стигална кӀел мел динчу гӀуллакхна.

21 Адамо, шен дерриг а хьекъалалла а, хаар а, говзалла а тӀе а ерзош, дуккха а къахьоьгу, амма и стаг велча, цо гул мел динарг а и гулдеш къа ца хьегначунна кхочу. Иза а кхетамбоцу а, нийсо йоцу а хӀума ду.

22 Иштта хӀун хуьлу ткъа адамна стигална кӀел ша бинчу балхах а, шен деган гӀайгӀанах а?

23 ХӀора дийнахь балане а, гӀайгӀане а хуьлу цуьнан болх, ур-атталла буьйсанна а дог паргӀат ца хуьлу цуьнан. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума.


Устазан хьехам

24 Адамна уггар а диканиг яар-малар а, ша бечу балхах там хилар а ду. Со кхийтира иза а Делера хиларх.

25 Дала иза ца делча, яа а, я там хила а хьенан таро хир яра?

26 Дала Ша реза волчунна хьекъалалла а, хаарш а, ирс а ло. Ткъа къинош леточаьрга Цо, къа а хьоьгуьйтуш, хьал гулдойту, и гулдинарг Ша реза волчунна дӀадалийтархьама. Иза а ду-кх кхетам тӀе ца кхуьу хӀума, махана Ӏуналла дан гӀертар санна.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Follow us:



Advertisements