Тите 3 - Делан ЙозанашӀийсах тешарш муха лела беза 1 Нахана дагадаийта шаьш хьаькамашна а, куьйгаллехь болчарна а муьтӀахь хила безар а, муьлхха а дика гӀуллакх дан шаьш кийча хила безар а. 2 Цхьанна а ле а ца луьйш, машаре а, эсала а, массо а адамашца шаьш кӀеда-мерза хилар а гойтуш, хила беза уьш. 3 ХӀунда аьлча вай а ма дара цхьана хенахь сонта а, Далла муьтӀахь доцуш а, тиладелла а лелаш. Тайп-тайпанчу боьхачу лаамийн а, дегӀана там лехаран а леш а хилла, оьгӀазаллах а, дераллах а, хьогӀах а дуьзна, вовшийн а ца дезаш, дехаш дара вай. 4 Вай КӀелхьардохург волчу вайн Делан дика а, адамашка болу Цуьнан безам а гучубаьлча, 5 вай дина долу бакъахьара гӀуллакхаш бахьанехь а доцуш, ткъа Шен къинхетамца кӀелхьардаьхна вай. Шен Дезачу Синехула Цо вай цӀан а дина, юха а кхоьллина, карла а даьхна. 6 Ша леррина къобалвина волчу, вайн КӀелхьардохург волчу Ӏийсагахула Дала шортонца тоьхна вайна Шен Синан Ӏаь. 7 Шен маьхза долчу диканца Цо вай бакъдина, Ша волчохь хедар доцучу дахаре кхача сатуьйсучех вай хилийтархьама. 8 И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тӀехь хьо латта, Делах тешнарш дика гӀуллакхаш дарна тӀехь кхиамаш баха гӀертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду. 9 Сонтачу къийсарех а, шайн хьалхалера тайпанаш хьехош къуьйсуш дечу къамелех а, товрат-хьехамех лаьцна дечу девнех а, хабарех а ларлолахь. Уьш пайден а дац, даьсса а ду. 10 Цкъа а, шозза а айхьа хьехамаш бина болу нах бекъаболуьйтург Ӏадвита, 11 и стаг, нийсачу новкъара гал а ваьлла, къинош а летош, ша-шена кхел еш лелаш хилар хьайна хаьа дела. ТӀаьххьара хьехамаш 12 Артем я ТихӀак аса хьайна тӀеваийтича, со волчу Никупола-гӀала схьаван хьажа сихо елахь, хӀунда аьлча цигахь Ӏа даккха сацам бина аса. 13 Ӏедал девзаш волу Зину а, Апа-Леса а дика леррина новкъа ваккхалахь. Царна оьшучу цхьанна а хӀуманна тӀехь ледарло ма елахь. 14 Вайнаш а Ӏама беза шайн хан дикачу гӀуллакхашна яйа, дахарна оьшург тоъал хилийтархьама а, царах пайденна боцурш ца хилийтархьама а. 15 Соьца болчара массара а хьоьга маршаллаш доуьйту. Тхо санна Делах а тешаш, тхо дезачаьрга массаьрга а маршаллаш ло тхоьгара. Делан дика хуьлийла шуьца массаьрца а. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia