Тите 2 - Делан ЙозанашЦӀена хьехамаш 1 Ткъа ахьа билггал бакъболчу хьехамашца догӀуш дерг хьеха. 2 Сема а, хьанал а, собаре хилар а, ткъа шайн тешарехь а, безамехь а, собар хиларехь а уьш цӀена хила безар а хьеха баккхийчу нахана. 3 Иштта баккхий зударий а кхетабе, цӀена а, лараме а лелаш, мотт а ца бетташ, маларан дола а ца боьлхуш, кхечарна диканиг а хьоьхуш, уьш хила безарх. 4 Цаьрга хьехийта къоначарна шайн майранаш а, шайн бераш а дезар. 5 Собаре а, цӀена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтӀахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама. 6 Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила 7 массо а хӀуманна тӀехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцӀена а, оьзда а хила. 8 Хьайн хьехам цӀена хилийта, тӀехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагӀа, юьхьӀаьржачу а хӀоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хӀума доцуш витархьама. 9 Лешна а хьеха шайн олахошна муьтӀахь хила безарх а, цара олахошна массо а хӀуманна тӀехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна. 10 Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КӀелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама. 11 ХӀунда аьлча массо а адамашна кӀелхьардохуш долу Делан дикалла гучуделира. 12 Ӏесалла а, дуьненан боьха лаамаш а дӀа а тесна, собаре а, догцӀена а, суьпа а лелаш кху заманчохь даха хьоьху вайна оцу дикалло. 13 Вай иштта лела деза, къобалдинчу сатийсаре ла а дуьйгӀуш: иза хир ду сийлахьчу Делан а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан а сийлалла схьадар. 14 Цо вайн дуьхьа Шен дахар дӀаделла, вай муьлххачу а зуламех паргӀатдахархьама а, Шен долахь долу а, дикачунна тӀегӀиртина долу а халкъ къинойх цӀандархьама а. 15 ХӀара хьеха дезарш а хьеха, хьайн мел долчу олаллица иракара а хӀиттабе уьш, шен-шен метта а хӀиттош, дӀанисбе, цхьа а хьох ца вешаш ца хилийта. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia