Марк 7 - Делан ЙозанашДайша лелийна Ӏадаташ ( Маттай 15:1-9 ) 1 Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Ӏелам стаг а вара Ӏийсана гонах гулвелла. 2 Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цӀандар а доцуш, хӀума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара. 3 ХӀунда аьлча, хьалхалера Ӏедале а доьгӀна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Ӏедалехь ма-бохху, куьйгаш цӀандиний бен хӀума ца йоу. 4 Ткъа шаьш базарара еана хӀума а шатайпана цӀанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Ӏадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гӀумгӀанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гӀайбеш а цӀанъяр тӀехь. 5 Цундела парушхоша а, Ӏелам наха а хаьттира Ӏийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Ӏадаташ хӀунда ца лору, куьйгаш цӀан а дина, хӀунда ца йоу цара хӀума?» – аьлла. 6 Ӏийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХӀокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. 7 Церан ларамах пайда бац, хӀунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. 8 Аша, адамийн Ӏадаташ схьа а лаьцна, Дала тӀедехкинарш ца лору». 9 Кхин а Ӏийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тӀедехкинарш а ца лоруш, шайн Ӏадаташна тӀаьхьахӀоттар. 10 Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза“. 11 Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гӀо дан йиш яц, хӀунда аьлча шуна лерина хилларг ‘кхурбан’ дӀало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгӀат“ бохург ду), – аьлча, 12 дена-нанна дан дезачух иза кӀелхьарволу бохуш, чӀагӀдо аша. 13 Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Ӏадат лору аш. И тайпа хӀуманаш дукха леладо аша». Далла гергахь стаг бехвеш дерг ( Маттай 15:10-20 ) 14 ТӀаккха юха а, нах Шена тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира: «ЛадогӀа Соьга массара а, дӀа а лоцуш. 15 Адамна чу яханчу цхьанна а хӀумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хӀумано бехвийр ву иза». 17 Нах а битина, Ӏийса цӀа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга. 18 Ткъа Ӏийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хӀумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? 19 ХӀунда аьлча и тӀеоьцу хӀума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тӀаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хӀума ерриге а Далла гергахь цӀена хилар хаийтира Ӏийсас.) 20 Кхин а тӀетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво. 21 ХӀунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а, 22 ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Ӏехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а. 23 И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво». Кхечу къомах йолчу зудчун тешар ( Маттай 15:21-28 ) 24 И меттиг а йитина, Цора олучу гӀалин юххерчу меттигашка вахара Ӏийса. Ша цӀа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Ӏийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан. 25 Харцжинаша йоӀ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Ӏийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. 26 Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чӀогӀа дехар дира Ӏийсага, шен йоӀана чуьра жин арадаккхахьара аьлла. 27 Ӏийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хӀунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жӀаьлешна тасар». 28 Амма зудчо жоп делира Ӏийсага: «Эла, ур-атталла жӀаьлеша а ма доу стоьла кӀел бераша эгийна цуьргаш». 29 ТӀаккха Ӏийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цӀа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоӀана чуьра». 30 Ша цӀа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Ӏаш карийра зудчунна шен йоӀ. Къора а, лер доьхна а волу стаг туовар 31 Цора-гӀалина гонахьара меттигашкара ЦӀаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Ӏомана тӀе веара Ӏийса. 32 Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Ӏийсана тӀе а валийна, цара дехарш дира, цунна тӀе куьйгаш дахкахьара аьлла. 33 И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пӀелгаш дехкира Ӏийсас. ТӀаккха, туй а хьаькхна, цуьнан маттах Ӏотта а велла, 34 стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дӀаделлало» бохург ду). 35 Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дӀа а бастабелла, цӀенна хабар дийца а волавелира иза. 36 Ӏийсас чӀогӀа тӀедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чӀогӀа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. 37 Адамаш чӀогӀа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia