Online Bible

- Advertisements -


Марк 12 - Делан Йозанаш


Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
( Маттай 21:33-46 ; Лака 20:9-19 )

1 Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза.

2 Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта.

3 Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна.

4 ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а.

5 Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш.

6 Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла.

7 Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“.

8 Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.

9 Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш.

10 Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.

11 Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“»

12 И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.


Паччахьна ял яларх лаьцна
( Маттай 22:15-22 ; Лака 20:20-26 )

13 Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе.

14 Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»

15 Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».

16 Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга.

17 ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург». Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах.


Денваларх лаьцна
( Маттай 22:23-33 ; Лака 20:27-40 )

18 Цул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх.

19 Цара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“.

20 ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан.

21 ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а.

22 ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла.

23 Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»

24 Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу?

25 Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш.

26 Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла?

27 Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».


Муьлха ду Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех коьртаниг?
( Маттай 22:34-40 ; Лака 10:25-28 )

28 Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?»

29 Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду: „ЛадогӀа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву!

30 Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гӀуллакх!

31 ШолгӀаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац».

32 «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац.

33 Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».

34 Цу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.


Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
( Маттай 22:41-46 ; Лака 20:41-44 )

35 Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „Дала леррина Къобалвинарг Даудан кӀант ву“?

36 Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агӀор охьахаа, Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.

37 Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?» Массо а адам там хиларца ладугӀуш дара Ӏийсага.


Ӏелам нахах ларлолаш
( Маттай 23:1-36 ; Лака 20:45-47 )

38 Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Ӏелам нахах ларлолаш.

39 Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан.

40 Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма ишттачарна луьра таӀзар хир ду».


Йисина Ӏачу зудчун сагӀа
( Лака 21:1-4 )

41 Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагӀина чутосучу ахчанан тидам беш вара Ӏийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура.

42 Ткъа цхьа йисина Ӏачу къен зудчо, тӀе а еана, ши жима цӀестан ахча охьадиллира.

43 Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хӀокху йисна Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду.

44 Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хӀокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Follow us:



Advertisements