Online Bible

- Advertisements -


Илли 5 - Делан Йозанаш

1 Сайн беша веара со, сан йиша, сан нускал. Сайн хазачу хьожанашца сайн деза даьтта гулдира ас, сайн мазаца долу сайн алхаш диира ас, сайн шуьраца сайн чагӀар мелира ас. Яалаш, доттагӀий, малалаш, дуззалц малалаш, безам баханарш!


Зударий ДоьалгӀа илли ЙоӀ

2 Со йижина ю, амма сан дог сема ду. Сан везарган аз ду хезаш, цо неӀ етта: «ДӀаелла суна неӀ, сан йиша, сан хьомениг, сан къоркхокха, сан дашониг! Сан коьрта тӀехь тхи ду, сан месаш тӀехь буьйсанан тӀуналла ю».

3 Ас сайн коч дӀаяьккхина. Юха тӀеюха еза ас иза? Ас сайн когаш билина. Бех муха бийр бу ас уьш?

4 Сан везарго неӀаран хераллехула куьг чукховдийра, тӀаккха сан дог тохаделира, иза уллохь волу дела.

5 Со хьалагӀаьттира, сайн везаргана неӀ дӀаелла. Деза даьтта дара сан куьйгаш тӀера охьаӀенаш, сан пӀелгаш тӀера Ӏенаш дара иза, неӀаран тӀома тӀе Ӏенара иза.

6 Сайн везаргана неӀ дӀайиллира ас, амма иза, юха а вирзина, дӀавахара. Сан са малделира, иза дӀавахарна. Ас лийхира иза, амма суна иза ца карийра. Со кхайкхира цуьнга, амма иза дуьхьал вист ца хилира.

7 ГӀалина гобоккхуш болчу гӀаролхоша, дуьхьалкхетча, йиттира суна, лазийра со. ГӀалин пенаш лардечара тӀекхоьллина хӀума схьаяьккхира суна тӀера.

8 Ярушалайман мехкарий, хӀун эр ду аша, нагахь сан везарг шайна гахь? Ас чӀагӀо йойту шуьга, нагахь сан везарг шайна гахь, алийша цуьнга, со безамо гӀелйина алий.


Зударий

9 Хьан везарг кхечарал хӀун гӀолехь ву, зударшна юкъахь исбаьхьаниг? Ахь оццул тхоьга дехар дал, кхечарал хӀун гӀолехь ву хьан везар?


ЙоӀ

10 Сан везарг лепаш а, могуш а ву, иза итт эзар кхечарал гӀолехь а ву.

11 Цуьнан корта – цӀена деши ду, цуьнан месаш, чӀуг тухуш, хьаргӀа санна, Ӏаьржа ю.

12 Цуьнан бӀаьргаш хина йистехь Ӏаш долчу кхокханех тера бу. Шури чохь луьйчуш ду и кхокхий, хин Ӏаьмнашна уллохь Ӏаш ду уьш.

13 Цуьнан беснеш бецийн хаьснаш ду, хаза хьожа йолчу ораматийн хас ду. Цуьнан балдаш петӀаматаш ду, шайх деза даьтта схьадолуш долу.

14 Цуьнан куьйгаш деших дина ду, жовхӀарш тӀе а дохкуш. Цуьнан накха пийлан шерачу кӀомсарех бина бу, маржанаш тӀе а дохкуш.

15 Цуьнан настарш шагатӀулган бӀогӀамаш ду, дашо когаш тӀе хӀиттийна долу. Ливанунах тера ду цуьнан хатӀ, баганан дитташ санна, куц а долуш.

16 Цуьнан бага марзо ю, иза верриг а хьоме ву. Иштта ву сан везарг, иштта ву сан хьомениг, Ярушалайман мехкарий!

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Follow us:



Advertisements