Лелар 4:15 - Делан Йозанаш15 АхӀарона а, цуьнан кӀенташа а Делан четар чуьра езачу хӀуманашна тӀе кӀадеш тасар чекхдаьллачул тӀаьхьа, меттамотт дӀабоккхучу хенахь, кхахӀатхой тӀебахкийта уьш дӀаяхьа. Амма езачу хӀуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хӀуманаш КхахӀатан тӀаьхьенах болчу наха яхьа еза. Viz kapitola |