Лелар 4:14 - Делан Йозанаш14 Цул тӀаьхьа кхерчана уллохь Ӏамал еш лелош йолу ерриг хӀума а схьагулъяйта: богуш болу кӀора дӀасакхоьхьу нойш, мӀерий, белаш, боганаш. И ерриге а хӀуманаш кхерча тӀехь йолчу сирла-цӀен бос болчу кӀадина тӀе яхкийта. ТӀаккха оцу хӀуманашна тӀе хӀордан дийнатийн кӀедачу тӀаьрсиган шаршу а тасий, хьокхий кхерчан чӀагарех чекхдахийта. Viz kapitola |