Доладалар 14:13 - Делан Йозанаш13 КӀелхьарваьллачу цхьаммо вахана Ӏебаран тӀаьхьенах волчу Ибраме дийцира хиллачух лаьцна. Цу хенахь Ибрам Мамарин долахь долу ножан деза дитташ долчохь Ӏаш вара. Эмархо волчу Мамарис а, цуьнан вежарша Ашкула а, Ӏанурис а барт бинера шайна юкъахь а, Ибрамца а, вовшийн гӀо дийр ду аьлла. Viz kapitola |