Даниал 4:16 - Делан Йозанаш16 «ТӀаккха Бел-Ташацар цӀе йолу Даниал цхьа хан яллалц цецваьллачохь Ӏийра, ойланаша сагатдора цуьнан. Къамел долош, паччахьо элира: „Бел-Ташацар! Ахь са ма гатде и гӀан бахьана долуш а, цуьнан маьӀнин бахьаненна а“. Бел-Ташацара, жоп луш, элира: „Сан олахо! Хьо ца везаш болчу мостагӀашна хуьлийла цу гӀенан маьӀна. Viz kapitola |