Даниал 10:20 - Делан Йозанаш20-21 Цо элира: «Хаьий хьуна, хӀунда веана со хьо волчу? Хаалахь, „бакъдолчун тептар“ тӀехь дӀаяздина дерг хьоьга дӀахаийта веана со. Хьаххийначуьра аьлча, со хӀинца Парси-мехкан элаца тӀом бан юхавоьрзур ву, ткъа цул тӀаьхьа грекахойн элан рагӀ кхочур ю. Цу тӀе аьлча, шун эла волу Микаал воцург, цхьа а вац-кх оцу элашна дуьхьал аса бечу къийсамехь суна гӀо дийр долуш. Viz kapitola |