Забур 9 - Делан ЙозанашДелан нийсо 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «КӀант валар» олучу эшаран мукъамехь лакха еза. Дауда язйина назма ю иза. 2 Веза Эла, сайн дерриг а даггара ас Хьуна хастамаш бийр бу, Хьан массо а тамашийна гӀуллакхаш аса дӀакхайкхор ду. 3 Ахьа мел дийриг бахьана долуш, хазахеташ а, воккхавеш а со хир ву. Веза Воккха Дела, Хьан цӀарна лерина иллеш ас эр ду. 4 Сан мостагӀий дӀабоьрзучу хенахь, Хьуна хьалха охьа а оьгий, хӀаллакьхуьлу. 5 Сан гӀуллакхна тӀехь Ахь нийсонца кхел яйтира. Бакъволу Кхелахо волу Хьо Хьайн Ӏарша тӀе охьахиира. 6 Кхидолу къаьмнаш Ахьа бехкедира, Ӏесанаш Ахьа хӀаллакбира, абаденналц церан цӀераш а дӀаяйира. 7 МостагӀий Ахьа кхаьллина дӀабехи. Церан гӀаланаш а Ахь хӀаллакйина дӀаехи, царах болу дагалацам а цаьрца цхьаьна дӀабели. 8 Ткъа Везачу Эло массо а хенахь олалла дийр ду. Цо Шен Ӏарш кхел ярна кечйина ю. 9 Цо дуьненна нийсонца кхел йо, халкъашна тӀехь а Цо бакъонца иза йо. 10 ГӀело йиначарна Веза Эла гӀап санна а ву, баланаш тӀехӀиттинчу заманахь тӀетовжа меттиг а ю. 11 Хьан цӀе шайна евзинарш Хьуна тӀетевжа, хӀунда аьлча, Веза Эла, Хьо лоьхурш Ахьа дӀатесна ца буьту. 12 Цийон-лома тӀера олалла дечу Везачу Элана ала аша иллеш. Къаьмнашна юкъахь дӀакхайкхаде аша Цуьнан гӀуллакхаш. 13 ЧӀир йоькхуш волчу Цо гӀело хьоьгучеран узарш диц ца до. Цо уьш дагахь а латтабо. 14 Веза Эла, Ахьа сох къинхетам бехьа, со цавезачаьргахьара аса хьоьгучу баланашка хьажахьа. Ӏожаллин кевнера со хьалаваккхахьа, 15 Цийонан йоӀан кевнехь соьга Хьайна хастамаш байтархьама. Воккхавеш хир ву со, Ахьа кӀелхьарваккхарна. 16 Шаьш даьккхинчу ор чу эгна халкъаш, кӀело еш, шаьш тийсинчу бойнех тасабелла церан когаш. 17 Веза Эла Цо йинчу кхелехула вевзинера. Ӏесанаш шайн куьйга динчу гӀуллакхаша дӀалаьцна. 18 Эхарте кхочу Ӏесанаш а, Дела вицвеш долу дерриг къаьмнаш а. 19 Гуттаренна а хир дац мисканиг вицвар, массо а ханна дӀадаьлла дац къечун сатийсар. 20 ГӀаттахьа, Веза Эла! Адаме толам ма баккхийтахьа, Хьайна хьалха халкъашна кхел яйтахьа. 21 Веза Эла, Хьайгара кхерам тасахьа царна, шаьш адамаш бен доцийла хаийтахьа къаьмнашна. Нийсонах лаьцна доӀа 22 Веза Эла, суна иштта генахь хӀунда ву Хьо? Со баланехь волуш къайла хӀунда волу Хьо? 23 Дегнаш курадовларна къечарна тӀаьхьабовлу Ӏесанаш. Шайна дагадаьхкинчу хӀилланаша дӀалоцийла уьш. 24 Шен синан лаамех дозалла до Ӏесачо. Шена харц пайда лоьхучо Веза Эла дӀа а тосу, Цунна сардам а буллу. 25 Дозаллаш дарца Ӏесачунна моьтту, ша цхьаммо а жоьпе озор вац, Цуьнан цхьана а ойланехь Дела вац. 26 Муьлххачу хенахь а цо дечу некъаша цуьнан аьтто боккху. Хьан кхел а цунна ма генахь ю. Иза шен массо а мостагӀашка цавашарца хьоьжу. 27 Шен дагахь цо олу: «Со вухур вац. Цкъа а суна зуламе дерг тӀедогӀур дац». 28 Цуьнан бага сардамех а, мекарлонех а, гӀело ярх а юьзна ю. Цуьнан меттан буьххьехь зуламениг а, вониг а ду. 29 Ярташна уллохь кӀело йо цо, къайлаха йолчу меттигашкахь бехке воцург воь цо, къайлаха декъазачуьнга бӀаьргаш хьежабо цо. 30 Коьллашкахь кӀело йина Ӏуьллучу лоьмо санна, къечунна къайлаха кӀело йо цо. Шен бой а тосий, къениг дӀалоцу цо. 31 Сатта а сеттий, таба а тебий, шен ондачу мӀарашца декъазанаш дӀалоцу цо. 32 Шен дагахь цо олу: «Далла дицделла ас динарг. Шен юьхь дӀа а ерзийна, ца го Цунна ас лелориг». 33 Сан Веза Дела, гӀаттахьа, Хьайн куьг хьалаайахьа, Ӏазапехь берш а Ахь биц ма бехьа. 34 Ӏесачунна Дела дегаза хӀунда хета те, шен дагахь: «Ахьа-м жоьпе озор вацара со», – олуш? 35 ХӀетте а Хьуна дерриг а го, зуламан а, халахетаран а тидам бо, Ӏазап хьоьгуш берш а Ахьа Хьайн каралоцу. Къечо а ша Хьан кара дӀало. Байлахь висинчунна а Хьо гӀоьнча ву 36 Ӏесачун а, зуламечун а ницкъ бохабехьа, церан Ӏесаллех уьш жоьпе озабехьа, церан Ӏесаллех хӀумма а ца диссалц. 37 Веза Эла абаденналц а, гуттаренна а Паччахь ву! Кхин къаьмнаш Цуьнан лаьтта тӀера дӀадовр ду. 38 Веза Эла! Хьуна дӀахеза Хьайна хьалха шаьш кӀезиг хетачийн лаамаш. Церан дегнаш Ахь чӀагӀ а до, Хьайн лерг царна дӀа а делла. 39 Байлахь висинчунна а, Ӏазап хьоьгучунна а Ахь нийса кхел йо, лаьттарчу адаме кхин цкъа а кхерамаш ца тийсийтархьама. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia