Online Bible

- Reklamy -

Забур 8 - Делан Йозанаш


Делан сийлалла а, адаман сий а

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма Гати-гӀалара схьаяьллачу эшаран мукъам балош болчу гӀирсаца ала еза.

2 Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь! Стигалшкахь дӀахӀоьттина ду Хьан сий!

3 Кегийчу берийн а, декхаш долчу берийн а багахула. ГӀап дӀахӀоттийра Ахьа, Хьайн мостагӀий бахьана долуш. Хьуна дуьхьалбевлларш а, бекхам бийраш а дӀасовцорхьама дира Ахьа иза.

4 Ахь кхоьллинчу стигалшка со хьалахьаьжча, цу тӀехь Ахь шен-шен метте дӀахӀиттийна буттий, седарчий го суна.

5 Стаг мила ву, Хьан цуьнан бала кхача? Адаман кӀант мила ву, Ахьа цуьнан гӀайгӀа бан?

6 Стигалийн гуламан декъашхойл дукха лах ца дина Ахь адам, сийлаллин таж а делла, вазвина Ахь иза.

7 Ахь адам олалла дан дӀахӀоттийна Айхьа кхоьллинчу массо а хӀуманна тӀехь. Ахь адаман когашка диллина доллу хӀума а:

8 уьстагӀий а, бежанаш а, иштта акхарой а,

9 стигалара олхазарш а, хӀорда чуьра чӀерий а, хӀорда чохь мел лела садолу хӀума а.

10 Ва Веза Эла! Тхан Хьалдолу Эла! Ма сийлахь ю Хьан цӀе дерриге а лаьтта тӀехь!

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy