Забур 7 - Делан ЙозанашНийсо йоьху доӀа 1 Бен-Яманан тӀаьхьенах волчу Хушин гӀуллакх бахьана долуш Дауда Везачу Элана аьлла тийжаме назма. 2 Сан Веза Дела! Ахьа со ларвар лоьху ас. Массо а суна тӀаьхьабевллачех кӀелхьара а ваккхий, Ахьа паргӀатваккхахьа со, 3 хӀунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара, кӀелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь. 4 Сан Веза Дела! Нагахь соьгара цхьа хӀума даьллехь, я сан куьйго къа латийнехь, 5 нагахь аса сайца машарехь Ӏаш волчунна зе динехь, я сан мостагӀчунна, бехк а боцуш, со бахьана долуш ницкъ хиллехь, 6 мостагӀчо, суна тӀе а кхиъна, схьа а лаьцна, лаьттахь сан са а хьаьшна, сох чан а йина, вуьтийла со. 7 Валахьа, Веза Эла, Хьайн оьгӀазаллица дуьхьал, и оьгӀазалла сан мостагӀийн дераллина дуьхьал а йоккхуш. Самавалахьа, Сан Дела, меттахӀоттаехьа нийсо. 8 Массо а халкъаш Хьайна гонах а гулдай, Хьо волчу лакхахь царна тӀехь Куьйгалхо хилахь. 9 Везачу Эло йо халкъашна тӀехь кхел. Со бакъхиларе хьаьжжина, ехьа, Веза Эла, суна кхел. Сан дог а цӀена ма ду. 10 Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чӀагӀ а бехьа. 11 Со ларвеш долу турс ду Дела, догцӀена берш кӀелхьарбоху Цо. 12 Дела бакъонца кхел Йийриг ву. ХӀора дийнахь зуламхошна кхел кхайкхош ву Иза. 13 Нагахь ишттачех цхьаъ Шегахьа ца верзахь, Цо, Шен тур а ирдой, Шен Ӏад а дулий, уьш цунна тӀе хьажадо. 14 Ӏожалла тӀейоуьйту Цо, Шен гӀирс схьа а оьций, Шен догу пхерчий цунна тӀехьажадо. 15 Шен даг чохь зуламаш кхоьллинчо, кхечарна вон болх хила луучо ша-шена харцо кхуллу. 16 Кхечунна ор доккхург ша оцу ор чу вужур ву. 17 Ша кхоьллина баланаш цунна тӀе юхабоьрзур бу, цо дина зулам а цуьнан шен коьртах кхетар ду. 18 Ас хастам бо Везачу Элана Иза бакъ хиларна. Веза Воккхачу Элан цӀеран сийнна йиш а локху аса. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia