Забур 6 - Делан ЙозанашХало тӀееача дина доӀа 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза. 2 ТӀех ма деттахьа суна, Веза Эла, Хьо оьгӀазвахханчохь. ТаӀзар ма дехьа суна Хьо дарвеллачохь. 3 Веза Эла, къинхетаме хилахьа соьца, со гӀел ма велла. Сан даьӀахкашка зуз догӀу, товехьа со. 4 Дог а ду сан, чӀогӀа гӀайгӀане доьжна. Мел Ӏан деза те сан Хьоьга сатуьйсуш? 5 Юха а валий, Веза Эла, паргӀатдаккхахьа сан са! Хьайн хедар боцучу безаман дуьхьа кӀелхьарваккхахьа со. 6 ХӀунда аьлча эхартехь Хьо цхьанна а дагавогӀур вац, веллачо Хьуна хастамаш а бийр бац. 7 Аса дечу узарша со гӀел а во, дӀавуьжу мотт аса сайн бӀаьрхишца бус-буса тӀун а бо. Сан велхаро со вуьжу мотт а башийна. 8 ГӀайгӀанехь хиларна сан бӀаьргаш гӀелделла. МостагӀий бахьанехь уьш телхина догӀу. 9 ДӀадовла уллора, харцонаш лелораш, хӀунда аьлча дӀахезна Везачу Элана сан велхаран узарш. 10 Со Шега кхайкхар дӀа а хезна, сан доӀанна жоп лур ду Везачу Эло. 11 Кхерийна а, эхь хетийтина а хир бу сан массо а мостагӀий. ЦӀеххьана юха а бирзина, юьхьӀаьржачу хӀуттур бу уьш. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia