Забур 5 - Делан ЙозанашЛарвар доьху доӀа 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза. 2 Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла, тергам бехьа сан узарийн. 3 ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела, аса доккхучу орцане. Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш. 4 Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас, Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш. 5 Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву. Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац. 6 Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь, цхьа а зуламхо Хьуна ца веза. 7 Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь. Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а. 8 Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цӀа чу вер ву, гора а хӀоьттина, Хьан дезачу цӀа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву. 9 Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула, дуьхьалбевлла мостагӀий сан болу дела. Нисбехьа Хьайна тӀебоьду сан некъ. 10 Цара дуьйцург цхьа а бакъ дац! Церан дегнаш хӀаллакдаран лаамех дуьзна ду, церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю, шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара. 11 Дела, ларахьа уьш бехке! Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна. И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела, Хьайна дуьхьал уьш бовларна. 12 Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш. Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла. Ткъа Ахьа ларбехьа уьш. Хьо везарш самукъане хуьлийла, Ахьа мел дийриг бахьана долуш. 13 Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг. Хьан безамо иза, турсо санна, ларво. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia