Online Bible

- Reklamy -

Забур 4 - Делан Йозанаш


ГӀо доьхуш дина доӀа

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю.

2 Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь, дӀахазахьа со, сан бакъволу Дела. Хала киртиг тӀехӀоьттича, Ахь гӀо дора суна, хӀинца а хилахьа соьца дика, сан доӀанна жоп лохьа.

3 ХӀай нах! Мел дукха Ӏан дохку шу, Со сийсаз а веш? Эрна хӀуманаш а дезаш, харцдерг а лоьхуш, мел лела дохку шу?

4 Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш. Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза.

5 Шаьш дарделлачу хенахь къинош ма летадойла аша. Цунах лаьцна кӀоргге ойланаш аша елаш, шайн меттахь дӀатийна шаьш Ӏачу хенахь.

6 Везачу Элана лерина нийса сагӀанаш цӀеначу даггара дахалаш, Цунах тешна хилалаш.

7 Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?» Хьан юьхь тӀера серло тхуна лепийла, Веза Эла!

8 Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс церан чул дукха ма ду, кӀа а, чагӀар а церан шортта делахь а.

9 Меттахь Ӏуьллучу хенахь паргӀат наб йо ас, Веза Эла. Хьо воцучо цхьаммо а кхерам боцуш ва̄ха ца вуьту со.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy