Забур 31 - Делан ЙозанашКъиношна дохкодовларх а, Дала гечдарх а 1 Даудан хьехаме назма. Декъала ву Везачу Эло цуьнан къинош цкъа а цунна дуьхьал ца лоруш волу стаг! 2 Декъала ву Везачу Эло бехке веш воцу а, шен синца мекарло йоцу а стаг! 3 Айса къа латадар дӀа а ца дуьйцуш, Хьоьга вист а ца хуьлуш, со Ӏачу хенахь, хӀора денна ас узарш дарна, малъелла дӀаяьллера сан даьӀахкаш. 4 ХӀунда аьлча дийнаххьий, буьйсанний Хьан куьг суна тӀехь дазделла лаьттара. Аьхкенан йокъа хӀоьттинчу хенахь санна, бос а байна сан. 5 Амма айса латийначу къинна къера а хилира со, сайн бакъонца цалелар хьул а ца дира аса Хьох. Ас элира: «Везачу Эле сайн къинош дӀадоьллур ду ас». ТӀаккха Ахь дӀабаьккхира суна тӀера сан къинан бехк. 6 ХӀора Делан лаамехь волчо доӀа дойла Хьоьга, ша нийса вац аьлла хетачу хенахь, даккхий хиш дистина догӀучу хенахь, цунна тӀе уьш кхочур дац. 7 Хьо волчохь ю сан дӀалочкъийла, Ахь ларво со халонех, кӀелхьарваларан хазахетар а ло Ахь суна. 8 Ас хьо кхетор а ву, хьо ваха везачу новкъа а воккхур ву. Ас куьйгалла а дийр ду хьуна тӀехь, Сан бӀаьрг а бу хьуна тӀехь. 9 Ма хилийша дин санна, я кхеташ йоцу вирбӀарза санна, шаьш бохург цаьрга дайтархьама, церан мочхалш тӀе дуьрстанаш а, гаьллаш а йоьхкина, сецо езаш йолу. 10 Дог цӀена доцучу стеган дукха баланаш бу, ткъа Везачу Элах тешна Ӏаш волчунна Цуьнан хедар боцу безам хуьлу. 11 Везачу Эло шайна динарг бахьанехь, самукъане хилалаш, Делан лаамехь дерш, даккхийделаш, дог цӀена дерш. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia