Online Bible

- Reklamy -

Забур 30 - Делан Йозанаш


Деле сатийсарх лаьцна дина доӀа

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

2 Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со. Цкъа а юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа со. Хьайн нийсонца со паргӀатваккхахьа.

3 Хьайн лерг суна тӀедерзадехьа, со кӀелхьарваккха сихлохьа. Тарх санна хилахьа, со ларвархьама, чӀогӀа гӀап санна хилахьа суна, со кӀелхьарваккхархьама.

4 Суна чхар санна Хьо хиларна, суна гӀап санна Хьо хиларна, Хьайн цӀеран дуьхьа со лела а вехьа, суна тӀехь урхалла а дехьа.

5 Къайлаха дӀахӀоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа, хӀунда аьлча Хьо ю сан чӀагӀо.

6 Хьан кара дӀало аса сайн са. Веза Эла, тешаме Дела, Ахьа кӀелхьарвоккхур ву со.

7 ХӀумма а боцучу цӀуйн сийдийраш бӀаьрга бан а ца беза суна, ткъа со Везачу Элах тешна Ӏаш ву.

8 Хьан хедар боцу безам бахьанехь хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со. ХӀунда аьлча ас хьоьгу Ӏазап Хьуна гира, сан синан бала Хьуна дӀахиира.

9 МостагӀчун кара дӀа ца велира со Ахьа. Сан когаш паргӀатчу меттехь дӀахӀиттий Ахь.

10 Веза Эла, сох къинхетам бехьа, хӀунда аьлча ву-кх со готтехь. Сингаттаме со хиларна, худабелла сан бӀаьргаш а, сан са а, сан кийра а.

11 Сингаттамо дахар а гӀелдина сан, шераш а узарш деш дӀадовлу сан. Аса къинош леторна, сан ницкъ а дӀабаьлла, сан даьӀахкаш а малъелла.

12 Сан мостагӀий бахьанехь ур-атталла сан лулахоша а тӀехдетта суна, со вевзаш берш а дӀакъехка сох. Урамехь со гинарш а дӀабовду сох.

13 Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со. Йоьхна пхьегӀа санна ву со.

14 Дуккханнийн а харцлер хеза суна. Массо а агӀор къемат тӀегӀерта, суна дуьхьал барт а бина, сан са даккха дагахь цара ойланаш йича.

15 Ткъа со Хьох теша, Веза Эла. Аса олу: «Хьо ву сан Дела».

16 Хьан карахь ду сан дахаран денош. Сан мостагӀийн карара а, суна тӀаьхьабевллачех а со кӀелхьарваккхахьа.

17 Хьан лай волчу суна тӀе Хьайн юьхь тӀера серло лепийтахьа. Хьайн хедар боцучу безамца со кӀелхьарваккхахьа.

18 Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна со юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла. Ткъа Ӏесанаш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, эхартахь тийна дӀасовцийла.

19 Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш, Делан лаамехь лелачарна дуьхьал кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу.

20 Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика, Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу. Хьоьга шаьш лардойтуш долчу массо а адамашна хьалха дӀало Ахь иза!

21 Адамийн питанех Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш. Дуьхьал лоьчу меттанех Хьайн ӀиндагӀехь къайлабоху Ахь уьш.

22 Декъала ву Веза Эла, го бинчу гӀалахь со волуш, суна Ша тешаме хилар Ӏаламат кепара гайтина волу!

23 Со дог доьхна волуш, суна хийтира, Хьайн бӀаьргашна дуьхьалара Ахь со дӀаваьккхина аьлла. Амма Хьуна дӀахезира сан доӀанан аз, Хьайга со дӀакхайкхича.

24 Веза Эла везаш хилалаш, Цуьнан долахь мел дерш. Тешаме берш Везачу Эло ларбо, ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дӀало.

25 Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чӀагӀлойла, Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чӀагӀлойла!

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy