Online Bible

- Reklamy -

Забур 3 - Делан Йозанаш


ГӀо дехарх долу доӀа

1 Дауда шен кӀантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма.

2 Веза Эла! Ма дебна сан мостагӀий! Дукхахберш суна дуьхьал гӀевттина.

3 Цара сох лаьцна олу: «Делера кӀелхьарвалар хир дац цунна».

4 Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво. Хьо ду Сан дозалла, Ахь ойу сан сий!

5 Ас доггах кхойкху Везачу Эле, Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.

6 Со вуьжу, наб йо ас, гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.

7 Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех кхералур вац со.

8 ГӀаттахьа, Веза Эла! Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела! Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо, зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.

9 Везачу Элера ду кӀелхьардовлар. Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy