Online Bible

- Reklamy -

Забур 29 - Делан Йозанаш


Хастаман доӀа

1 Делан цӀа даздан олу Даудан назма.

2 Веза Эла, ас хастам бо Хьуна. Ахь кӀелхьарваьккхи со, сан мостагӀий сох ца белийти.

3 Сан Веза Дела! Ас гӀо дийхира Хьоьга, Ахь суна дарба дира.

4 Эхартара сан са ара а даьккхина, со денвира Ахь, Веза Эла, коша чу со ца вижийтира.

5 Хастам бе Везачу Элана, Цунна тешаме болу нах. Иза веза хилар дагадоуьйтуш, хаставе аша Иза,

6 хӀунда аьлча кӀеззигчу ханна ду Цуьнан оьгӀазвахар, дерриг а дахарна ду Цуьнан дика. Суьйранна белхар дӀахӀоттахь а, Ӏуьйранна самукъадалар хуьлу.

7 Со синтеме волуш ас бехира: «Цхьана а хӀумано меттахвоккхур вац со».

8 Хьайн диканца, Веза Эла, Ахь чӀагӀбира сан лам. Амма Ахь Хьайн юьхь къайлаяьккхича, со вуьйхира.

9 ТӀаккха, Веза Эла, Хьоьга кхайкхира со. Хьалдолчу Эле ас дийхира:

10 «ХӀун пайда бу сох, со хӀаллаквича? Хьуна хӀун лур ду, со коша чу вижча? Сан докъо хастам бийр буй те Хьуна? Сох йисинчу чено Хьан бакъдерг кхайкхор дуй те?

11 Веза Эла, со дӀа а хазий, къинхетам бехьа сох! Веза Эла! Хилахьа сан гӀоьнча».

12 Ахь сан белхаран метта, суна хелхар дели, сингаттаман духарш дӀа а эцна, самукъадаларан духарш суна тӀедуьйхи.

13 Сан сино, ца соцуш, хеставойла Хьо. Сан Веза Дела, ас хестор ву Хьо гуттара а.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy