Забур 28 - Делан ЙозанашВезачу Элан нуьцкъала аз 1 Даудан назма. Стигалан гуламехь берш, Везачу Элана хастамаш бейша! Везачу Элан сийлалла а, ницкъ а кхайкхадейша! 2 Везачу Элан цӀеран сийлаллина лерина кхайкхамаш бейша! Везачу Эло Шен возалла гойтучу хенахь Цунна суждане гӀойша. 3 Везачу Элан аз ду хезаш хиш тӀехула. Стигал къекъош ву сийлахь волу Дела. Везачу Элан аз ду хезаш хӀордаш тӀехула. 4 Нуьцкъала а ду Везачу Элан аз, сийлахь а ду Везачу Элан аз. 5 Баганан дитташ охьадохку Везачу Элан озо. Ливанунера долу баганан дитташ охьадохку Везачу Эло. 6 Цо Ливанун-мохк, эса санна, кхийсаболуьйту, Хьермон-лам, акха бугӀа санна, ирхлоьлхуьйту. 7 Стелахаьштиг схьатуьйсу Везачу Элан озо. 8 Яьсса аре а егайо Везачу Элан озо. Кхадеш цӀе йолу яьсса аре а егайо Везачу Эло. 9 Сешка кӀорнеш а йохуьйту, масарш оста а довлуьйту Везачу Элан озо. Везачу Элан цӀийнан кертахь массара а Цуьнан сийлаллех лаьцна дуьйцу. 10 ТӀедевллачу хишна тӀехь а олалла динера Везачу Эло. Абаденналц а паччахьан олалла дийр ду Везачу Эло. 11 Шен халкъана ницкъ лур бу Везачу Эло. Шен халкъ, синтем а луш, декъалдийр ду Везачу Эло. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia