Забур 27 - Делан ЙозанашГӀо оьшучун доӀа 1 Даудан назма. Хьоьга кхойкху ас, Веза Эла, сан Тарх! Суна жоп ца луш ма хилалахь. Хьо вист ца хилча, эхарте кхаьчначех тарлур ву со. 2 Сан доӀанаш дӀахазалахь ас Хьайга орца дохучу хенахь, Хьан дезачу цӀийне ас куьйгаш ойучу хенахь. 3 Шайна уллорачаьрга диканиг а дуьйцуш, ткъа дагахь вониг долчу а, зуламе гӀуллакхаш дечу а, Ӏесачу а нахаца хӀаллак ма вехьа со. 4 Церан гӀуллакхашка а, цаьргара даьллачу вочуьнга а хьажжий, кхел ехьа царна. Церан куьйгийн балхе хьажжий, ял лохьа царна, хьакъ дерриг юхалохьа царна. 5 Везачу Эло диначунна а, Цуьнан куьйго кхоьллинчунна а, цара тидам тӀе ца бахийтарна, Цо хӀаллакбийр бу уьш, юха метта а ца хӀиттош. 6 Хастам бу Везачу Элана, Цунна сан доӀанаш хезна. 7 Веза Эла сан чӀагӀо ю, со ларвеш долу турс ду Иза. Цунах тешна дара сан дог, тӀаккха Цо гӀо дира суна. Сан дог доккхадеш ду, сайн иллешца ас хаставо Иза. 8 Веза Эла Шен халкъан гӀап а ю, Ша къобалвинчун кӀелхьарваккхаран чӀагӀо а ю. 9 Хьайн халкъ кӀелхьара а даккха, Хьайн тӀаьхье декъал а е. Церан Ӏу хилахьа, уьш даим Ӏалаш а беш. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia