Online Bible

- Reklamy -

Забур 26 - Делан Йозанаш


Везачу Элах тешна Ӏаш хилар

1 Даудан назма. Веза Эла – сан серло а ю, сан кӀелхьарвалар а ду. Со хьанах кхоьрур ву? Веза Эла – сан дахаран дӀалечкъийла ю. Со хьан Ӏадор ву?

2 Нагахь санна зуламе берш суна тӀегӀортахь, со дӀакхаллархьама, сан мостагӀий тӀелатахь, уьш, ког таса а белла, шаьш охьаоьгур бу.

3 Нагахь тӀеман тоба суна дуьхьалъялахь а, сан дог кхералур дац. Суна тӀамца тӀегӀортахь а, хӀетте а сан сатийсам хир бу.

4 Везачу Эле цхьа хӀума доьхура аса, изза бен ца лоьху аса. Иза ду, со вехаш мел ву, Везачу Элан цӀа чохь со Ӏен лаар, Цуьнан хазалле хьежархьама а, Цуьнан цӀа чохь Цунах дагавалархьама а.

5 Со холчу хӀоьттинчу дийнахь Цо Шен четар кӀел дӀахьулвийр ма ву со. Ша Ӏачу метте дӀалачкъор ма ву со, Цо тарха тӀе а воккхур ма ву со.

6 ТӀаккха сан корта суна го бинчу мостагӀашна тӀехь хьалаайабелла хир бу. Иза Ӏаш волчу меттехь аса, аз а айдеш, массо а тайпана сагӀанаш дохур ду, Везачу Элана хьалха аса иллеш а, хастаме назманаш а эр ду.

7 Веза Эла, Хьоьга дӀакхойкхуш долу сан аз дӀа а хазахь, сох къинхетам а бехьа, суна жоп а лохьа.

8 Сан даго Хьоьгара схьааьлла, Хьо леррина леха. Цундела Хьо лоьхур ву аса, Веза Эла.

9 Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа. Хьо оьгӀазвахханчохь Хьайн лай дӀа ма таттахьа. Хьо сан гӀоьнча вара. ДӀа а ма таттахьа, дӀа а ма тасахьа со, ва сан Дела, сан КӀелхьарвоккхург!

10 Сан дас а, сан нанас а со витича а, Везачу Эло со тӀеоьцур вара.

11 Веза Эла, Хьайн новкъахула лела Ӏамавехьа со. Нийсачу некъа тӀе ваккхахьа со, сан мостагӀий сан тергам беш хиларна.

12 Сан мостагӀийн лаамийн кара дӀа ма лохьа со, хӀунда аьлча суна дуьхьал гӀевттина харцтоьшаллаш дийраш, къизаллица са а доьӀуш.

13 Со тешна Ӏаш дерг хӀара ду: со дийна а волуш гур ду суна Везачу Эло мел до дика.

14 Везачу Эле сатийса. Доьналла долуш а хила, хьайн дог а чӀагӀде. Везачу Эле сатийса.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy