Online Bible

- Reklamy -

Забур 25 - Делан Йозанаш


Бехк боцучун доӀа

1 Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа, цӀеначу новкъахула леларна, со. Цкъа а гал ца волуш, Хьох тешна лелаш ма вара со.

2 Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа. Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.

3 Хьан безам сан бӀаьргашна хьалха ма бу, Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.

4 Мекарчу адамашца со ца Ӏа, шалхонаш йолчарах со дӀа ца кхета.

5 Зуламхойн гулам суна ца беза, Ӏесачарна юкъахь со охьа ца хоу.

6 Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дӀагойту аса, цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву Хьуна Ӏибадат дечу меттигна го боккхуш,

7 сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а, Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.

8 Веза Эла! Деза суна Хьо Ӏаш волу цӀа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.

9 Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца, сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.

10 Церан карахь ду зуламаш дар, церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.

11 Ткъа со-м сайн цӀеначу новкъахь ву. КӀелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.

12 Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь. Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy