Забур 24 - Делан ЙозанашШена тӀехь куьйгалла дар а, ша кӀелхьарваккхар а доьхуш дина доӀа 1 Даудан назма. А са Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла. 2 Б илггала Хьох тешна ву со, сан Дела! Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа. Сох мостагӀий ма кхардийтахьа. 3 Б ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац, ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу. 4 Г айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш, Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна. 5 Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со. Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со, Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву. 6 Е рриг а заманашкахь дуьйна болу Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а дагабаийтахьа, ва Веза Эла. 7 З уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа. Къоналлин къиношна гечдехьа сан. Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина, со дагаваийтахьа, Веза Эла, Хьо дика волу дела. 8 И сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна, бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна. 9 К Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо, Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо. 10 Л еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду. 11 М ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла, Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа. 12 Н агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь, адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо. 13 О цу стага диканца шен хан а йоккхур ю, цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду. 14 П аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан Шега ларамах буьзначаьрца, Шен барт а Цо царна бовзуьйту. 15 Р ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна, сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу. 16 С оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа, хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву. 17 Т Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш, сан баланех со хьалхаваккхахьа. 18 У зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а, со гӀелваларан а тидам бехьа, сан дерриге а къиношна гечдехьа. 19 Х ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш. Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш. 20 Ч ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со. Хьох тешна Ӏаш волу дела, юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со. 21 Ш еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела, цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со. 22 Ӏ ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех, Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia