Забур 23 - Делан ЙозанашСийлаллин Паччахь волу Веза Эла 1 Даудан назма. Латта а, цу тӀехь дерг а Везачу Элан ду. Цуьнан ду дуьне а, цу чохь дехаш дерг дерриге а. 2 ХӀордашна тӀехь дуьне ДӀахӀоттийнарг а, хишна тӀехь иза ЧӀагӀдинарг а Веза Эла ву. 3 Мила вер ву Везачу Элан лам тӀе, я мила дӀахӀуттур ву Цуьнан дезачу цӀа чохь? 4 Шегара зулам цадолуьйтург, дог цӀена дерг, шен са зуламехьа цахьажориг, Делан цӀарах харц дуйнаш ца бууш верг вер ву. 5 Везачу Эло декъалвийр ву иза. Иза кӀелхьарвоккхучу Дала бехказло ю цунна. 6 Якъубан Дела, Хьоьгара гӀо оьшучеран, Хьо лоьхучеран тайпа иштта ду! 7 Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву! 8 Мила ву сийлаллин Паччахь? Иза онда а, чӀогӀа а волу, тӀамехь нуьцкъала волу Веза Эла ву. 9 Кевнаш, шайн лакхенаш хьалаайа, шира неӀарш, дӀаеллало, сийлаллин Паччахь тӀаккха чувогӀур ву! 10 Мила ву сийлаллин Паччахь? Массо а ницкъийн Веза Эла, Иза сийлаллин Паччахь ву. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia