Забур 22 - Делан ЙозанашВеза Эла сан Ӏу ву 1 Даудан назма. Веза Эла сан Ӏу ву. Суна мел оьшуш дерг хир ду сан. 2 Цо сийначу бай тӀехь дӀа а вижаво, тийначу хи тӀе а вуьгу со. 3 Сан синна ницкъ а луш, Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо. 4 Ӏожаллин ӀиндагӀ долчу тогӀи чухула со дӀагӀахь а, вонах кхоьрур вац со, хӀунда аьлча Хьо соьца ву. Хьан некъан Ӏасано синтем ло суна. 5 Сан мостагӀашна а гуш, суна хьалха кхача биллина Ахь. Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь. Сан кад а тӀех буьзна бу. 6 Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь, тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia