Online Bible

- Reklamy -

Забур 21 - Делан Йозанаш


Ӏазапехь а хилла, Далла хастам бар

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хӀара Даудан назма.

2 Сан Дела! Ва сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа? Ас чӀогӀа орца даьккхинехь а, сан кӀелхьарвалар генахь ду суна.

3 Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела, Ахьа суна жоп-м ца ло. Буьйсанна а кхойкху со, амма сан синтем бац.

4 Ткъа Хьо Везаниг ву, Хьан Ӏарш Исраилан хастамаш тӀехь лаьтташ ю.

5 Хьох тешаш хилла тхан дай. Уьш, теша а тешна, Ахьа кӀелхьарбохура.

6 Хьоьга кхойкхура цара – уьш кӀелхьара а бовлура. Уьш Хьох тешара, цундела юьхьӀаьржачу а ца хӀуьттура.

7 Ткъа со-м, адам а доцуш, нӀаьна санна ву. Адамийн дог долу сох, халкъана дегаза хета со.

8 Со гуш болу берриш а кхаьрда сох. Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо:

9 «Везачу Элах тешна ма вара иза – Цо иза кӀелхьарваккха веза-кх. Везачу Эло иза паргӀатвоккхийла, Ша цунна реза велахь».

10 Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа. Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа.

11 Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна Хьуна дӀавелла вара со. Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна Хьо Дела ву сан.

12 Суна гена ма валахь, хӀунда аьлча тӀебогӀу бала гергахь бу, ткъа гӀодийриг вац сан.

13 Алссам йолчу старгӀанаша го бина суна. Башанерачу стерчаша го лаьцна сан.

14 Ижунах а хьаьгна, гӀам-гӀим дечу лоьмо санна, суна тӀе шайн баганаш гӀаттийна цара.

15 Со, хи санна, Ӏана вахана. Ерриг а даьӀахкаш вовшахъевлла сан. Дог, балоз санна а хилла, кхерамна кийрахь дешна дӀадаьлла сан.

16 Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегӀера дӀабаьлла, сан багара мотт а къамкъаргах дӀалетта. Со Ӏожаллин чене дӀавуьллу Ахь.

17 ЖӀаьлех тарбеллачу наха го бина суна, буьрсачу арданго го лаьцна сан. Цара цергаш чекхъяьхна сан куьйгех а, когех а.

18 Ерриге а даьӀахкаш ягаръялур ю сан. Нах, суна тӀе а хьоьжуш, боьлу сох.

19 Цара вовшашлахь йоькъу сан тӀеюху хӀуманаш, кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш.

20 Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна. Хьоьгара бу сан ницкъ, гӀоьнна волахьа суна.

21 Туьрах кӀелхьардаккхахьа сан са, жӀаьлех а кӀелхьардаккхахьа сан дахар.

22 Лоьман бага вахарх кӀелхьарваккхахьа со, акхачу бугӀанан маӀех ларвехьа со. Ахь суна жоп ма делла!

23 Хьан цӀе сайн вежаршна кхайкхор ю аса. Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса.

24 Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна. Якъубан дерриг а хӀу! Сийде Цуьнан. Исраилан ерриг а тӀаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила.

25 ХӀунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара, цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира. Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах, амма, иза Шега кхайкхича, дӀахезира Везачу Элана.

26 Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса. Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваӀданаш кхочушдийр ду аса.

27 Къечара шаьш буззалц юур ю. Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу. Шу абаденналц а дехийла!

28 Дуьненан массо а маьӀӀера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тӀедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьӀна, Цунна Ӏибадат дийр ду.

29 ХӀунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла. Цо дерриге а къаьмнашна тӀехь олалла до.

30 Лаьттахь токхо а йолуш Ӏаш болчара, Цунна Ӏибадат а деш, сагӀа дуур ду. Коше а кхаьчна, чан хилларг а, дахар лардар шен карахь доцург а – массо а Цунна хьалха суждане гӀур ву.

31 Хинйолу тӀаьхье Цунна Ӏамал еш хир ю. Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду.

32 Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду, дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy