Забур 20 - Делан ЙозанашБаьккхинчу толамна хастам бар 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2 Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь, Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза. 3 Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна, цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа. 4 ХӀунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна, цӀеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тӀе. 5 Цо дахар далар дийхира Хьоьга, Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан. 6 Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна. Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла. 7 Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна. Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан. 8 ХӀунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву, Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан. 9 Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагӀий, Хьан кара гӀур ма бу массо Хьо цавезарш. 10 Хьо оьгӀазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш. Ша оьгӀазваханчохь Везачу Эло хӀаллакбийр бу уьш, цӀеро буур бу уьш. 11 Лаьттара церан тӀаьхье а хӀаллакйийр ю Ахьа, адамийн кӀенташна юкъара церан хӀу а дойур ду Ахьа. 12 ХӀунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира, вон Ӏалашонаш а хӀиттийра, амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга. 13 ТӀаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь. Хьайн секхаӀодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тӀе. 14 Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна. Оха хастор ву Хьо иллешкахь Хьан сийлахь гӀуллакхаш бахьанехь. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia