Online Bible

- Reklamy -

Забур 2 - Делан Йозанаш


Дала къобалвина паччахь

1 Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?

2 Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.

3 Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш, церан олаллех паргӀатдевр вай!»

4 Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех, Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.

5 ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна, Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:

6 «Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь, Сайн безачу лам тӀехь».

7 Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох.

8 Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а, хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.

9 Ахь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца, отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».

10 Кхетийша, паччахьаш! Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой!

11 Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца, даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!

12 Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а, шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy