Забур 19 - Делан ЙозанашТолам баккхарна дина доӀа 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2 Холчу хӀоьттинчу дийнахь дӀахезийла хьо Везачу Элана, ларвойла хьо Якъубан Делан цӀаро. 3 Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра, Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо. 4 Ахь сагӀина мел деанарг дагатосийла Цунна, ахь дийнаташ дагоран сагӀа даккхарх там хуьлийла Цунна. 5 Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а, ерриге хьан Ӏалашонаш а кхочушйойла Цо. 6 Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду, тӀаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю. Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш. 7 ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла. Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца. 8 Цхьаболчара гӀудалкхех, вукхара говрех, ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до. 9 Уьш, мал а белла, ийгира, ткъа тхо, дӀа а хӀиттина, нисделира. 10 Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа, тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia