Online Bible

- Reklamy -

Забур 18 - Делан Йозанаш


Делан сийлалла Цуьнан кхоллараллехь ю

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

2 Стигалша Делан сийлалла гойту. Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.

3 Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо, тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.

4 Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца, церан аз а дац хезаш.

5 Дерриг а лаьтта тӀехула чекхйолу церан лар. Дуьне мел ду дӀакхочу церан тоьшалла. Стигалшкахь маьлхана Ӏан меттиг елла Дала.

6 Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кӀант санна, араболу малх а, къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.

7 Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза, вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан. Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хӀума хьул ца ло.

8 Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу, цо синан чӀагӀо йо. Везачу Эло дӀадиллинарг а тешаме ма ду, Цо хьекъална кӀоргге волчунна а хьекъалалла ло.

9 Везачу Элан омранаш бакъахьара ду, цара дог айадо. Везачу Элан весет сирла ду, цо бӀаьргаш серладоху.

10 Везачу Элах кхерар цӀена ду, иза абаделлалц ду. Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю, уьш нийса а ю.

11 И дерриге а дешил деза ду, мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.

12 Хьан лена а цара боккха хьехам бо, уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.

13 Ша латийна массо а къинош хьанна го? Сан къайлаха долчу къинойх цӀанвехьа Ахь со.

14 Лаам болуш леточу къинойх ларвехьа Хьайн лай, цаьрга суна тӀехь толам а ца боккхуьйтуш. ТӀаккха цӀена хир ву со, даккхийчу къиношна бехке а воцуш.

15 Веза Эла, сан Тарх а, суна паргӀато Лург а, сан бетера долу дешнаш а, сан деган ойланаш а тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy