Забур 17 - Делан ЙозанашДаудан хастаман назма 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Везачу Элан ялхо волчу Дауда язйина ю. ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура массо а мостагӀийн а, Шаулан а карара ша Цо кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. Дауда элира: 2 «Веза Эла, Хьо веза суна, Хьо сан ницкъ бу! 3 Веза Эла – сан чхар, сан чӀагӀо, со КӀелхьарваккхархо ву. Сан Дела сан тарх ю, Цуьнга ас со ларвойту. Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу. Иза со къайлавоккху меттиг а ю. 4 Шена хастам бан хьакъ долчу Везачу Эле ма кхойкху со, ткъа Цо сан мостагӀех кӀелхьарвоккху со. 5 Ӏожаллин зӀенаша дӀалаьцнера со, дохаран тулгӀенаша дӀахьош вара со. 6 Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох, Ӏожаллин бой яра суна хьалха. 7 Сайна бохам баьллачу дийнахь Везачу Эле орца даьккхира Аса. Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со. Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира. Сан орца Цуьнан лере дӀакхечира. 8 Латта дега а дира, ласта а лестира, лаьмнийн баххаш меттах а девлира, Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела. 9 Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира, доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара елира, догуш долу кӀегий цу чуьра охьаоьгура. 10 Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира, Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра. 11 Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза, механ тӀемаш тӀехь дӀавахара Иза. 12 Цо хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех Шена къайлаволу меттиг йира, Цунна гонах иза четар санна хилира. 13 Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира. 14 Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гӀовгӀа елира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Къора туьйхира, догуш долу кӀегий серладевлира 15 Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагӀий дӀасалаьхкира. ЧӀогӀа ткъес а тоьхна, Цо уьш дӀа ма бовдийтира. 16 Веза Эла, Хьан оьгӀазе аз дӀахезча, Хьан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча, хӀордийн баххаш гучудевлира, лаьттан баххаш схьаделладелира. 17 Везачу Эло лакхенгара, Шен куьйгаш схьа а кховдийна, со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира. 18 Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира, сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира. 19 Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира, амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира. 20 Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со, Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со. 21 Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла. Сан куьйгаш цӀена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла. 22 Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора, сайн Делехьара дӀа ца верзалуш, со Ӏеса а ца лелара. 23 Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара, Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура. 24 Цунна хьалха со цӀена хилла, къинош латорах ларлуш а хилла. 25 Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла, Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела. 26 Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо, кхоччуш леллачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо. 27 ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо, ткъа мекара волчуьнца – цуьнан мекарлоне хьаьжжина хуьлу. 28 Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху, ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаӀабо. 29 Веза Эла, сан стогар Ахьа латабо. Сан бода а Дала серлабоккху. 30 Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо, сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу. 31 Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу! Везачу Элан дош ма цӀена ду! Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира. 32 Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург? Тарх санна, дӀахӀоьттина мила ву, вайн Дела воцург? 33 Берриг ницкъ а Дала ло суна, дахаран некъ а нисбо Цо сан. 34 Сан когаш сен когех тарбо Цо, лакхенашкахь со чӀогӀа лоттуьйту. 35 Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо, аса хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло. 36 Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира, Хьан аьтту куьйго со лар а вира. Хьан гӀодаро со тӀех воккха а войтура. 37 Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура, цундела сан болар гал ца долура. 38 Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, царна тӀекхиира со. Уьш, хӀаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со. 39 Хьала ца гӀовттабаллал ас уьш охьабехкира, ткъа уьш сан когашка охьаийгира. 40 Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла, суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина. 41 Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина, цундела со цавезнарш ас хӀаллакбина. 42 Цара, шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура, амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара. Цара Везачу Эле кхойкхура, амма Цо царна жоп ца лора. 43 Мохо дӀасаяржо чан санна, царах кегийра дакъош ас дора. Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура. 44 Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кӀелхьарваьккхина. Кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалхо Ахь со вина. Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хӀинца суна гӀуллакх до. 45 Сох лаьцна шайна дӀа-ма-хеззи, суна муьтӀахь хуьлу уьш. Кхечу мехкашкара нах суна хьалха хьестало. 46 Даг чохь болчу кхерамо гӀора дӀадаьккхинера церан, цундела, бега а беш, шайн чӀагӀонашкара арабуьйлура уьш. 47 Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх! Веза воккха хуьлда со кӀелхьарвоккху Дела! 48 Дела ву сох бекхам бийриг а, халкъаш суна муьтӀахь дийриг а, 49 сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а! Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира. Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира. 50 Цундела кхечу къаьмнашна юкъахь Аса Хьуна хастамаш бийр бу, ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе а хестор ю ас. 51 Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту. Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна, Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а». |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia