Online Bible

- Reklamy -

Забур 16 - Делан Йозанаш


Бехк боцучун доӀа

1 Даудан доӀа. Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дӀа а хазий, тергамца сан тийжаме ладогӀахьа, харц йоцучу сан багара доӀа тӀеэцахьа.

2 Ахь нийса кхел йийр ю суна, бакъдерг Хьуна дика ма го.

3 Сан деган кӀоргене хьаьжира Хьо. Буьйсанна сан терго а йина, со Ахьа зийча, цхьа а вониг ца карийра Хьуна. Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта сацам бина аса.

4 Хьан багара долучу дешнашна тӀаьхьа а хӀуьттуш, ларлуш лела со. Ткъа адамаша лелочу гӀуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а со тӀаьхьа ца хӀуьтту.

5 Хьан некъахула леларца сайн когаш чӀагӀбира аса. Уьш дӀа а ца бевлла цу некъа тӀера.

6 Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела. Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай, дӀахазахьа сан дешнаш.

7 Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа, Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тӀегӀертачех Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кӀелхьарбохуш верг.

8 Хьайн тӀемийн ӀиндагӀехь хьулвехьа со, йоӀбӀаьрг санна, ларвехьа со

9 суна тӀегӀоьртинчу буьрсачу мостагӀех, суна го бинчу сан са лоьхучу мостагӀех.

10 Церан дог ца лозу кхидолчу адамех, ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду.

11 Уьш суна тӀе а гӀоьртина, хӀинца суна го а бина цара, шайн бӀаьргаш суна тӀе хьажийна цара, со лаьтта охьатаӀо гӀерта уьш.

12 Ижунах хьаьгна долчу мецачу лоьмах тера бу уьш, къайлаха тӀекхета кечделлачу къоначу лоьмах тера бу уьш.

13 Веза Эла! Дуьхьалвалахьа сан мостагӀашна, царна тӀе а гӀортий, Ахь эшабехьа уьш. Хьайн туьраца кӀелхьардаккхахьа сан са оцу зуламхойх.

14 Ва Веза Эла, Хьайн нуьцкъалчу куьйгаца кӀелхьарваккхахьа со, кху дуьненахь бен дахар дац моьттучу нахах, церан кху лаьттахь оьшшуш долу дакъа ду. Хьайн хазни чуьра кхоччуш долу таӀзарш дехьа царна, церан бераш а таӀзарех дузахьа, церан берийн берашна а царах диснарг лохьа.

15 Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь, самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy