Online Bible

- Reklamy -

Забур 150 - Делан Йозанаш


Хастамаш бе Везачу Элана

1 Хастам бу Везачу Элана! Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла, хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.

2 Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа, хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.

3 Хастамаш бе Цунна турбин озаца, хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.

4 Хастамаш бе Цунна жиргӀанашца а, хелхаршца а, хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а.

5 Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тӀедетташ долчу негӀаршца, хастамаш бе Цунна зевнечу цӀастанан негӀаршца.

6 Хаставойла Веза Эла садаӀар мел долчу хӀумано. Хастам бу Везачу Элана!

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy