Забур 15 - Делан ЙозанашДелах тешаран доӀа 1 Дауда язйина назма. Ӏалашвехьа со, Ва Дела, Ахьа со ларвар аса лоьху дела. 2 Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла. Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац». 3 Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча, уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву. 4 Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран баланаш совбевр ма бу. ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац, церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц. 5 Суна кхочу дакъа а, сан хинболу кхоллам а, Веза Эла, Хьо ву. Сан бала беза кхаж а Хьан карахь бу. 6 Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду, Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду. 7 Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво. Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо. 8 Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха. Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта. 9 Цундела сан дог а сакъералуш ду, сан багара мотт а самукъадаьлла бу. Сан дегӀ а кхерамехь дац. 10 ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац. Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац. 11 Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина, Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь, Хьан аьтту агӀор со леларна, абаденналц а там суна хуьлуьйту. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia