Забур 149 - Делан ЙозанашХастам баран йиш 1 Хастам бу Везачу Элана! Лакха Везачу Элана керла эшар, хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь. 2 Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла. Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла. 3 Хастайойла цара Цуьнан цӀе, хелха а бовлуш, локхийла цара Цунна эшарш, жиргӀанаш а тухуш, дечиг-пондарш тӀехь. 4 ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу. Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца. 5 Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла, шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла. 6 Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла, ткъа церан карахь шина а агӀор ира долу тур хуьлийла. 7 Кхечу халкъашна бекхам бархьама а, къаьмнашна таӀзар дархьама а хуьлийла иза. 8 Иштта церан паччахьаш, гӀоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а, царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза. 9 Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза. Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду. Хастам бу Везачу Элана! |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia