Забур 14 - Делан ЙозанашДалла лууш дерг 1 Даудан назма. Веза Эла! Хьан хӀусамехь Ӏан хьенан ю бакъо? Хьан безачу лома тӀехь ваха хьенан ю бакъо? 2 Иза дан бакъо ю, цӀеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун. 3 Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ, шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш, шен уллораниг емал а ца веш волчун. 4 Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дӀатеснарг бӀаьрга ван а ца везаш, амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун. Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чӀагӀо йинехь, шен дашана тӀера волуш воцучун. 5 Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia