Online Bible

- Reklamy -

Забур 13 - Делан Йозанаш


Адамийн Ӏесалла
( Забур 52 )

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац». Ма телхина нах бу уьш, цара лелориг мел дегаза хӀума ду. Диканиг дийриг цхьа а вац царах.

2 Стигалшкара адамашка охьахьоьжу Веза Эла, цхьа а кхетамехь верг а вуй те, Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.

3 Берриш а нийсачу некъах тилла, уьш массо а талхарх буьзна. Царах цхьа а вац диканиг дийриг, ур-атталла цхьаъ-м вац.

4 Кхетаме богӀур болуш а бац те харцонаш лелош мел берш, шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш, ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?

5 ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу, Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.

6 Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а, Везачу Эле цо ша лар ма войту!

7 Исраилан халкъана кӀелхьардалар Цийон-лома тӀера догӀур делахьара! Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча, Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара, Исраилан халкъан самукъадер дара.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy