Online Bible

- Reklamy -

Забур 12 - Делан Йозанаш


Делан диканах тешар

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.

2 Кхин а мел ханна хир ду те Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла? Кхин а мел Ӏийр ву те Хьо соьгахьара дӀавирзина, Веза Эла?

3 Мел Ӏан деза те сан бала хьоьгуш, хӀора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош? Кхин мел хан ер ю те сан мостагӀаша со хьийзош?

4 Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга, лохьа суна жоп. Юхаерзаехьа сан могушалла а, со велла дӀа ца валийтархьама.

5 Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагӀчо! Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тӀаьхьа бевллачарна.

6 Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву. Ахьа со кӀелхьарваккхарна, Сан дог самукъадаьлла хир ду. Ахь суна динчу диканна, ас Хьуна иллеш эр ду!

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy