Забур 11 - Делан ЙозанашДеле гӀо дар доьхуш дина доӀа 1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза. 2 КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла! Цхьа а суьпаниг ца висна-кх, адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх. 3 ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу. Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо. 4 Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа! Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа! 5 Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо, хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?» 6 Везачу Эло боху: «ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а, къечара дечу узарийн дуьхьа а. Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна». 7 Везачу Элан дешнаш – цӀена дешнаш ду. Кхерча диллина долу, ворхӀазза дахчийна дети санна уьш ду. 8 Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо, оцу вочу нахах тхо гена а дохуш. 9 Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела, массара а зуламениг хесточу хенахь. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia