Online Bible

- Reklamy -

Забур 10 - Делан Йозанаш


Везачу Элах тешна Ӏаш хилар

1 Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Везачу Эло со ларвар лоьху аса. ХӀунда олу аша сан сине: «Олхазар санна, тӀема а далий, шайн лома тӀе дӀагӀо?

2 Ӏесачара, секхаӀедаш а дуьйлина, шайн пхерчий зӀенаршна тӀехӀиттийра, боданехь догцӀеначарна тӀетохархьама.

3 ХӀун дийр ду Делан лаамехь болчара, шайна кӀелара Ӏесачара бух дӀабаьккхича?»

4 Веза Эла Шен дезачу цӀа чохь ву, Цуьнан Ӏарш стигалшкахь ю. Цуьнан бӀаьргаш массо а стаге хьоьжу, дӀабиллинчу бӀаьргашца Цо адамаш толлу.

5 Везачу Эло зоь Шен лаамехь верг а, Ӏесаниг а, ткъа къизалла ерг Шен дерриг а синца Цунна ца веза.

6 Ӏесачарна тӀе догуш долу кӀегий а, саьмгал а, догӀа санна, охьаӀанор ду Цо. Чахчо мох а церан кхоллам хир бу.

7 Веза Эла нийса а ву, Цунна нийсо а еза. ДогцӀеначунна Цуьнан юьхь гур ю.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy