Online Bible

- Reklamy -

Забур 1 - Делан Йозанаш


Хьалхара тептар ( Забур 1–40 ) Бакъдолу декъалалла

1 Декъала ву зуламхойн хьехамашца лелаш воцу стаг, къинош летийна болчарна тӀаьхьа ца хӀуттуш верг, кхаьрдаш болчарах дӀа ца кхетарг!

2 Амма уггар а декъала ву Везачу Элан товрат-хьехамаш кхочушбарх дагна там хуьлуш верг, царах лаьцна дийнахь а, буса а ойланаш еш волу стаг!

3 Ву иза доьдучу хин йистехь доьгӀна дитт санна, шен хенахь стом а ло цо, гӀа а маргӀал ца дулу цуьнан, ша мел дечунна тӀехь аьтто а хуьлу цуьнан.

4 Зуламаш дечеран гӀуллакхаш иштта ца хуьлу! Уьш мохо дӀасахьоькху чан санна ма бу.

5 Цундела зуламе гӀуллакхаш дечеран Делан кхелана хьалха дӀахӀуттийла дац. Къинош летораш а хилалур бац Делан лаамехь болчеран гуламехь.

6 ХӀунда аьлча Шен лаамехь болчеран некъ Везачу Эло ларбо, ткъа зуламе гӀуллакхаш лелочеран некъо уьш шаьш хӀаллакбо.

© Институт перевода Библии, 2012

Institute for Bible Translation, Russia
Následuj nás:



Reklamy