ЮшаӀ 1 - Делан ЙозанашДала ЮшаӀна тӀедиллинарг 1 Шен ялхо Муса кхелхинчул тӀаьхьа Везачу Эло Мусан гӀоьнча хилла волчу Нунин кӀанте ЮшаӀе элира: 2 «Сан ялхо Муса кхелхина. ХӀинца хьо а, дерриг а хӀара халкъ а, хьала а гӀаттий, Йордан-хил дехьадала, Ас шуна, исраилхошна, лучу лаьтта тӀе. 3 Шун ког тӀебер болу муьлхха а меттиг Ас дӀало шуна, Мусага Айса ма-аллара. 4 Ас шуна къилбехь йолчу яьссачу аренна тӀера къилбаседехь долчу Ливанун лаьмнаш тӀекхаччалц долу латта лур ду. Шун дозанаш малхбалехь долчу сийлахьчу Эпрат-хи тӀера, хьетахойн латта чу а лоцуш, малхбузехь болчу боккхачу хӀорда тӀекхаччалц хир ду. 5 Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дӀа а тосур вац Ас. 6 ЧӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила. ХӀокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. 7 ЧӀогӀа а, йоккха къонахалла йолуш а хила, Сан ялхочо Мусас кхочушбе аьлла болу берриг а товрат-хьехам леррина Ӏалаш а бе, кхочуш а бе. Цунна тӀера аьтту а, аьрру а агӀор ма верза, тӀаккха айхьа дечу муьлххачу а гӀуллакха тӀехь ларош хир ву хьо. 8 Деша хӀара хьехаман тептар массо а хенахь. Дийнахь а, буса а Ӏамаде иза, кху тӀехь яздинарг нийсса кхочушдархьама. ТӀаккха айхьа дечу гӀуллакх тӀехь чӀогӀа аьтто хуьлуш а, чӀогӀа беркат долуш а хир ву хьо. 9 Ас тӀедуьллу хьуна: чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». Йордан-хих дехьадовла кечамбар 10 Халкъана хьалхабевллачу нахе омра дира ЮшаӀа: 11 «Нах севцинчу меттехула чекх а довлий, дӀаала цаьрга: „Шайна новкъана кхача кечбе. Кхо де даьлча, Йордан-хил дехьа девр ду шу, шайн Везачу Дала шайна дола даккха луш долу латта схьаэца“». 12 Раабанан а, Гадин а тайпанашка а, Маннашан эха тайпане а ЮшаӀа элира: 13 «Дагахь латтаде Везачу Элан ялхочо Мусас шайга аьлларг: „Шун Везачу Далла лиира Йордан-хин малхбале агӀор долу латта шуна дӀадала, иза шун мохк хилийта“. 14 Шун зударий а, бераш а, даьхни а Мусас Йордан-хил дехьа шуна деллачу лаьтта тӀехь совца, ткъа массо а тӀом балуш волчо, герзаца шайн вежаршна тӀе а гӀой, гӀо де царна. 15 Везачу Эло, шун санна, шун вежарийн а сатедаллалц, цара а шун Везачу Дала гуттаренна а царна луш долу латта схьаэццалц, гӀо де царна. ТӀаккха, юха а дерзий, шайна Везачу Элан ялхочо Мусас Йордан-хил дехьа, малхбалехьа, деллачу лаьттан дола де». 16 Наха ЮшаӀана жоп делира: «Ахь тӀедиллинарг дерриг а кхочуш а дийр ду оха, дӀахьажийначу гӀур а ду тхо. 17 Мусага ма-доггӀара, хьоьга а ладугӀур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! 18 Хьан омранна дуьхьало йинарг, ахь тӀедиллинчу хӀуманна тӀехь хьоьга ла ца доьгӀнарг муьлхха а вуьйр ву. Амма чӀогӀа а, къонахалла йолуш а хила!» |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia