Юнус 2 - Делан ЙозанашЮнусан доӀа 1 Везачу Эло цхьана боккхачу чӀере, Юнус дӀакхалла аьлла, омра дира. Кхо де-буьйса даьккхира Юнуса оцу чӀеран гай чохь. 2 Ша чӀеран гай чохь воллуш, Юнуса доӀанца дийхира шен Везачу Деле. 3 Цо элира: «Со гӀайгӀанехь волуш Везачу Эле кхайкхира ас, тӀаккха Везачу Дала суна жоп делира. Эхартара цӀогӀа туьйхира ас, тӀаккха хезира Хьуна, Дела, сан аз. 4 ХӀордан кӀоргене, хӀордан даг чу кхоьссина Ахьа со. Хин Ӏовраша го бина суна. Хьан массо тулгӀенаш, со керчош, тӀехула евлла суна. 5 ТӀаккха элира ас: „Хьайн бӀаьргашна хьалхара дӀаваьккхина Ахь со, амма суна юха а гур ду Хьан Деза ЦӀа“. 6 Бух боцучу хӀордо къевлина со, сан син тӀе а кхаьчна, дӀалаьцна со хино. Сан коьртах хӀордан бецаш хьаьрчина. 7 Лаьмнийн буха кхаччалц охьавеана со. Гуттаренна а шен гӀораш а доьхкина, лаьтто дӀакъевлина со. Амма Ахьа, Сан Веза Дела, хьалаваьккхира со бух боцучу Ӏин чуьра. 8 Кхин сайн тоха са ца хилча, суна дагавеана Хьо, Веза Эла, тӀаккха Хьан Дезачу ЦӀа чохь волчу Хьоьга дӀакхаьчна сан доӀанаш. 9 Эрна а, харц а деланаш лоруш берш шаьш даим дезаш волчу Делах дӀакъаьстина. 10 Амма сайна тӀера сагӀа сайн озаца хастам беш доккхур ду ас. Сайн нигат а кхочушдийр ду ас. Везачу Элан карахь ду кӀелхьарвалар!» 11 ТӀаккха Дала шега аьлча, боккхачу чӀеро Юнус лаьтта тӀе кхоьссира. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia