Устаз 9 - Делан ЙозанашВайн массеран а хинберг цхьа кхоллам бу 1 Аса сайн дог тӀедерзийра иштта хӀума талла: Делан карахь ву бакъахьарниг а, хьекъалдерг а, церан гӀуллакхаш а. Адамашна ца хаьа, Далла шаьш дезар ду я дац. И дерриг а тӀедогӀун дерг ду. 2 ХӀора стагаца а хиндерг цхьаъ ду: бакъахьарачуьнца а, зуламхочуьнца а, Далла хьалха цӀеначуьнца а, боьхачуьнца а. Дикачу стагана а хир ду къинош летийначунна хиндерг. Далла хьалха дуй буучунна а хир ду Цунна хьалха дуй баа цаваьхьачунна хиндерг. 3 Стигална кӀел хуьлучу гӀуллакхашна юкъахь хӀара цхьа хала бала бу: массеран а цхьа кхоллам хир бу. Адамийн дегнаш зуламех дуьзна ду. Церан ойланаш сонта хуьлу уьш бехачу хенахь, ткъа цул тӀаьхьа уьш а беллачарна тӀаьххье дӀабоьлху. 4 Вехаш волчу хӀораммо а цхьана хӀумане сатуьйсу. Олуш ма ду: «Дийна долчу жӀаьлина гӀолехь ду, делла долчу лоьмана чул». 5 Дийна болчарна шаьш лийр дуй хаьа, ткъа веллачунна хӀумма а ца хаьа. Беллачарна кхин ял хир яц, ткъа адамашна уьш бицлур бу. 6 ДӀакхелхинчу адамийн безаммий, цабезаммий, церан лаамашший – уьш дерриш а дӀадевлла. Стигална кӀел мел дечу гӀуллакхашкахь цара кхин цкъа а дакъалоцур дац. Устазан хьехам 7 Хазахетарца даа ахьа хьайн бепиг, ткъа хьайн чагӀар а мала деган самукъадаларца. Ахь и гӀуллакхаш дарна Дела реза ву хьуна. 8 Муьлххачу хенахь а духар сирла хуьлийла хьан, хьан коьрта тӀе хьаькхна деза хьакхар хуьлийла, хьо самукъадаьлла вуйла хууш. 9 Стигална кӀел доккхучу хьайн кхетамбоцучу дахаран деношкахь Дала хьайна еллачу а, хьуна езачу а зудчуьнца хьо вахарх дезар эца. ХӀунда аьлча хьан дахарехь а, стигална кӀел ахь бечу балха тӀехь а иза хьуна Дала делла дакъа ду. 10 Хьайн куьйге далуш мел дерг доггах кхочушде. ХӀунда аьлча хьо дӀавоьрзур волчу эхартахь я болх хир бац, я кхетам хир бац, я хьекъалалла хир дац, я хаарш хир дац. Хан а, хьал-де а 11 Кхин а суна гира стигална кӀел долу иштта хӀуманаш: уггар а сиха леларш а гуттара а ца бовлу хьалха, уггар а ницкъберш а ца тоьлу тӀамехь гуттара а. Иштта хьекъал долчарна а ца кхочу бепиг гуттара а, кхетам болчарна а ца кхочу хьал гуттара а, хаарш долчарна а ца хуьлу ларам гуттара а. Царах хӀораннан а шен хан а ю, шен хьал-де а ду. 12 Цу тӀе, адамна ца хаьа, шен тӀаьххьара де тӀе маца догӀу. Шайна кхераме йолчу бойнна чохь схьалоьцуш долу чӀерий санна, я речӀанна чохь тасалой дуьсу олхазарш санна, иштта адамаш а шайна ца моьттучу хенахь тӀедогӀучу халачу тӀаьхьарчу сахьто дӀалоцу. Хьекъалалла нуьцкъалаллал тоьлу 13 Стигална кӀел суна гира кхин а цхьа хьекъалалла. Иза ас сийлахь лерира. 14 Иштта шена чохь кӀеззиг бахархой болуш цхьа жима гӀала яра. ТӀаккха цхьана ницкъболчу паччахьо, тӀе а гӀоьртина, гӀалин пенна гонах лаьттах баьрзнаш а дина, го бира цу гӀалина. 15 Амма цу гӀалара бахархошна юкъахь хьекъале цхьа къен стаг а нисвелла, цо шен хьекъалаллица и гӀала кӀелхьаръяьккхира. Ткъа цул тӀаьхьа цу гӀалара бахархошна и къен стаг цхьанна а дага а ца веара. 16 Амма аса боху, хьекъалалла тоьлу нуьцкъалаллал, оцу нахана цу къечу стеган хьекъалалла дицделлехь а, цара цуьнга кхин ла ца доьгӀнехь а. Хьекъалалла тоьлу сонталлал 17 Хьекъалалла долчо тийна аьлла дешнаш дуккха а гӀоле ду, олахочо сонтачарна юкъахь хьоькхучу цӀогӀанал. 18 Хьекъалалла тӀеман герзел дикаха ду, амма къа латийначу цхьаммо дуккха а долу диканиг а хӀаллакдо. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia