Тите 1 - Делан Йозанаш1 ХӀара кехат ду Делан лай волчу а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан векал волчу а ПахӀалера. Со Дала къобалвина Ша хаьржина болчу нехан тешар нийса хилийта а, суьпа муха даха деза гойтуш долу билггал бакъдерг адамашна довзийта а. 2 И кхочушдарца Дела волчохь хедар доцучу дахаре сатийсар ло. Цкъа а харц воцучу Дала заманаш йолаялале дуьйна а хьалха вайна и дахар лур ду аьллера. 3 Шена хеттачу хенахь Дала Шен дош довзийтира. Вайн КӀелхьардохург волчу Дала, сох а тешна, и дош дӀакхайкхор суна тӀедиллира. 4 Ӏийсах тешар вайшиннан цхьаъ хиларна, билггал сан кӀант волчу хьоьга яздо аса, Тита. Вайн Да волчу Делера а, вайн КӀелхьардохург волчу Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, синпаргӀато а хуьлийла хьуна. Титас Крит-гӀайре тӀехь къахьегар 5 Аса Критехь хьо витар хӀара Ӏалашо йолуш дара: цигахь даза дисина гӀуллакхаш хьоьга чекхдахийтар а, ас хьайна тӀедиллина ма-хиллара, динан тобанаш йолчу массо а гӀаланашкахь тхьамданаш дӀахӀиттабар а. 6 Ишттанаш дӀахӀиттабелахь: шайн леларехь вониг ала хӀума доцурш, цкъа бен зуда ялоза берш. Церан бераш а Ӏийсах тешаш хила деза. Цхьаннан а йиш хилийта ца еза, церан бераш сийсаза лела, я уьш Далла муьтӀахь дац ала. 7 Делан болх шен карахь берг санна, шен леларехь ала вон хӀума доцуш хила веза динан тобанан гӀайгӀабийриг. Ша лакхара а ца хеташ, оьгӀазе а, сиха а воцуш, маларна тӀера а воцуш, леташ а, девне а воцуш, ахчанца шена пайда а ца лоьхуш, хила веза иза. 8 Безамца хьеший тӀе а оьцуш, диканиг а дезаш, собаре а волуш, оьзда а волуш, Далла тешаме а волуш, юхаозавала а хууш, хила веза тхьамда. 9 Иштта оха хьехначу, теша хьакъ долчу хьехамашна тӀегӀерташ хила а веза иза. ТӀаккха нийсачу хьехамашца кхиберш иракарахӀитто а, оцу хьехамашна дуьхьал берш харцбан а йиш хир ю цуьнан. 10 ХӀунда аьлча кӀезиг бац адамаш карзахдохуш къамелаш дийраш. Цара, даьсса хабарш а дуьйцуш, нах Ӏехабо. Къаьсттина Ӏийсах тешаш болчу сунтбинчех лаьцна боху ас хӀара. 11 Уьш совцо беза. Дийнна доьзалш хӀаллакбо цара, цаоьшург кхайкхош. Эхь а ца хеташ, шайна пайда лоьхуш до цара иза. 12 Царна юкъара волчу цхьана пайхамаро аьлла а ма ду хӀара: «Критахой гуттара а бу харцлуьйш а, акхаройн къизалла йолуш а, тӀингар юзу малончаш а». 13 И нийса аьлла а ду-кх. Цундела мел болчу къовламца харцбе уьш, церан тешар нийса хилийтархьама. 14 Жуьгтийн къоман туьйранаш а, билггал долчу бакъдолчун тӀера дӀабирзинчеран хьехамаш а тергал байта ца беза цаьрга. 15 Цхьаболчара олу: «ЦӀена болчарна массо а хӀума цӀена ду, ткъа къинош летийначарна а, Ӏийсах ца тешачарна а цхьа а хӀума цӀена дац». Амма церан ойланаш а, дегнаш а телхина ду. 16 Шайна Дела вевза олу цара, амма шаьш лелош дерг бахьана долуш Цунах дӀабоьрзу уьш. Уьш хьакъ долуш бу вай царах ца даша. Уьш Далла муьтӀахь бац. Цхьана а тайпана дика гӀуллакх шайгара далийта церан хьуьнар дац. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia