Шамъал 31 - Делан ЙозанашШаулан а, цуьнан кӀентийн а кхалхар ( 1 Шерашкахь 10:1-12 ) 1 ПӀелаштамхой исраилхошца тӀом беш бара. Исраилхой, царах бевдда боьлхуш, ГилбаӀ олучу лам тӀехь дукха хӀаллакьхилира. 2 Шаулна а, цуьнан кӀенташна а тӀаьхьа а бевлла, пӀелаштамхоша цуьнан кӀентий ЯхӀуната а, Абинадаб а, МалкишаӀ а байира. 3 Шаулна гонах болу тӀом чӀагӀбелира. Къаьсттина чӀогӀа кхарна ницкъ бора секхаӀад кхоссархоша. Шаул къиза чевнаш хилла вара. 4 Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дӀаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тӀе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хӀоьттира и дехар кхочушдан. ТӀаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тӀе а вогӀавелла, шех иза чекхдаьккхира. 5 Шаул шена велла гича, цуьнан герз лелориг ша а, шен туьрана тӀе а вогӀавелла, велира. 6 Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кӀентех кхо кӀант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а. 7 ИзраӀал-тогӀина къилбаседехьа Ӏаш болу а, Йордан-хинна малхбалехьа Ӏаш болу а исраилхой а, шайна Шаул велла а, важа болу исраилхойн тӀемалой бевдда дӀабахана а гича, шайн ярташ а йитина, бевдда дӀабахара. Ткъа пӀелаштамхой, церан ярташ дӀа а лаьцна, цигахь баха охьахевшира. 8 ШолгӀачу дийнахь пӀелаштамхой байина Ӏохкуш болчарна тӀера мехала йолу хӀуманаш схьаяха баьхкича, царна ГилбаӀ-лам тӀехь хиллачу тӀамехь байина болчу Шаулан а, цуьнан кхаа кӀентан а декъий карийра, 9 Шаулан корта схьа а баьккхина, цуьнан герз схьа а эцна, цара массо а пӀелаштамхойн махкарчу халкъе хаам дӀакхачийра, иштта хаам бира шайн цӀуш дӀахӀиттийна долчу динан цӀенош долчу а. 10 Цара Шаулера схьадаьккхина долу герз шаьш Ӏаштартана дина долчу динан цӀа чу охьадиллира, ткъа цуьнан дакъа Байт-Шанахь пена тӀе дӀатуьйхира. 11 ГалӀадарчу Явеш-гӀалара болчу бахархошна дӀахезира пӀелаштамхоша Шаулна динарг. 12 Массо а майра стаг гӀаьттира цигахь. Буса баха а бахана, Шаулан а, цуьнан кӀентийн а декъий Байт-Шанарчу пена тӀера охьа а даьхна, Явеш-гӀала схьа а деана, уьш цигахь дагийра цара. 13 Церан даьӀахкаш, схьа а гулйина, Явеш-гӀалахь тамариск цӀе йолчу дитта кӀелахь дӀайоьхкира. ВорхӀ дийнахь марха кхебира цара. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia