Пилапхошка 1 - Делан Йозанаш1 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан ялхоша, ПахӀала а, Тимапис а, яздо Пилап-гӀалахь Ӏаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гӀайгӀабийраш а, динан куьйгалхойн гӀоьнчаш а болчаьрга. 2 Делан доккха дика а, синпаргӀато а хуьлда шуна вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагара а. ПахӀала пилапхошна тӀера дина доӀа 3 Шу дага мосазза догӀу, аса хастамаш бо сайн Деле. 4 Шуна массарна тӀера айса мел до доӀа даим хазахетарца до аса, 5 шайна хезначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна кху дийне кхаччалц, хаза кхаъ дӀасабаржор тӀехь аша дакъалоцу дела. 6 Со теша, шуна чохь и дика гӀуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Ӏийса вогӀун волу де тӀекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. 7 Шу сан даг чохь долу дела, шух массарах иштта ойла яр нийса ду. Дала суна делла долчу дикачу гӀуллакхехь аша массара а дакъа ма лоцу – со набахтехь волчу хенахь а, аса хаза кхаъ ларбечу а, чӀагӀбечу а хенахь а. 8 Дела сан Теш ву, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан безамца шуьца массаьрца а цхьаьна хила лууш со хьаьгна хиларан. 9 Аса доьху Деле шун даггара болу безам хӀума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар, 10 шайна гӀоле дерг хӀун ду шу кхетийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг вогӀучу дийнахь шу цӀена а, цхьана а тайпана сакхт доцуш а хилийтар а, 11 Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла хьалха бакъдина хилар бахьана долуш, дикачу гӀуллакхех шу дуьззина хилийтар а доьху ас Делан сийлаллина а, хастамана а. Дала леррина Къобалвинарг – вайн дахар ду 12 Динан вежарий, шуна дӀахаийта лаьа суна, аса хьоьгу халонаш бахьана долуш, хаза кхаъ дӀакхайкхорна тӀехь кхин а сов аьтто баьлла хилар. 13 Дала леррина Къобалвинчунна со тӀаьхьахӀоттар бахьана долуш, со набахти чохь хилар паччахьан цӀенна ха деш болчу массарна а, дуккха а болчу кхечарна а дӀахиънера. 14 ХӀинца со набахтехь хилар бахьана долуш, дукхахболчу динан вежарийн Везачу Элаца доьналла хилар чӀагӀделла. Хьалха хиллачул а йоккхачу майраллица, кхерам а боцуш, Делан дош кхайкхо буьйлабелла уьш. 15 Бакъду, цхьаболчара хьагӀ а, эмгаралла а хиларца, ткъа вукхара дагахь диканиг долуш дуьйцу Дала леррина Къобалвинчух лаьцна. 16 Цхьаберш, со хаза кхаъ ларбан дӀахӀоттийна вуйла а хууш, даггарчу безамца лела. 17 Ткъа вуьш, шайна пайда лоьхуш а, шайн дог цӀена цахиларца а, суна кхин а халонаш ян дагахь а лела, шаьш Дала леррина Къобалвинчух лаьцна дуьйцуш. 18 Ткъа иза коьртаниг ду те? МоттаргӀанаш лелаяхь а, я даггара иза деш делахь а, иза мухха делахь а, Дала леррина Къобалвинарг кхайкхаво-кх цара. Иза иштта хилча а, со воккхавеш ву! Кхин а воккха а вийр ву. 19 ХӀунда аьлча суна хаьа, и дерриг а шун доӀанашца а, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан Синан гӀоьнца а со паргӀатвалийта суна диканна дуйла. 20 Сайн кӀорггера болчу лааме а, сатийсаре а хьаьжжина, со цхьана а хӀуманна тӀехь юьхьӀаьржачу хӀуттур вац, амма сайн мел йолчу майраллица вистхуьлуш лелар ву Дала леррина Къобалвинарг, гуттара а санна, хӀинца а соьгахула лакхавалийтархьама – со вехар велахь а, я лийр велахь а. 21 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг – сан дахар ду, ткъа Ӏожалла – суна пайда хилар ду. 22 Нагахь сан дахар кхидӀа а кху дуьненахь дахлахь, сан къахьегаро беркате стом лур бу. Иштта суна-м ца хаьа, айса муьлханиг харжа деза. 23 Шинна а агӀор Ӏожалло а, дахаро а, къуьйлуш ву со. Аса сатуьйсу, вала а велла, Дала леррина Къобалвинчуьнца со хиларе, хӀунда аьлча иза дуккха а гӀолехь хир дара. 24 Ткъа со кху дуьненахь вехаш Ӏар шуна пайдехь ду. 25 Оцу тӀехь сан шеко а яц, суна иза хаа а хаьа: со вуьсур а ву, шуьца вехар а ву, тешарехь кхиамаш а, даккхийдер а шун хилийтархьама. 26 ТӀаккха со шу долчу юхавеача, сох дозалла дан бахьана совдер ду шун, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца шу доьзна а долуш. 27 Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогӀучу тешарна къахьоьгуш бу. 28 Цхьана а хӀуманна тӀехь мостагӀех ма кхера: иза уьш хӀаллакьхиларан билгало ю царна, ткъа шуна – кӀелхьардовларан билгало ю. Ткъа и кӀелхьардовлар Делера хир ду. 29 ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа Цунах тешна а ца Ӏаш, Цуьнан дуьхьа баланаш хьега дезар а делла шуна. 30 Шу а, со а хаза кхаъ ларбархьама цхьатерра дикачу тӀамехь ду. Шуна ма-гарра, хьалха а ас беш изза тӀом бара. Ткъа хӀинца, шуна ма-хаззара, со кхидӀа а оццу тӀамехь лаьтташ ву. |
© Институт перевода Библии, 2012
Institute for Bible Translation, Russia